ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь тIелатар деш байина тIемалой Новран кIоштан бахархой бу


Зазадоккху-беттан 24-чу дийнахь Росгвардин Новрахь долчу декъан кевнехь вийна 6 тIемало цу эвлахь вехаш хилла. Цунах лаьцна хаам бина церан цIераш яьхначу полицин белхахочо, хаам бо «Кавказский узел» газето.

Царах кхоъ ву вежарий МуридовгIара, кхин а кхоъ ву Ростохан а, Волгоградан а кIошташкахь кхиина Закараев а, Акбулатов а, Мусалиев а. «Кавказский узел» хьостано билгалдоккху царах уггар воккхахверг 27 шо долуш вара бохуш.

Росгвардин векалша чIагIдарехь, эскархошна юкъахь вийна ву 6 стаг, 3 чевнаш йина ву. Церан доьзалшна ахчашца гIо дийр ду шаьш боху цара.

«Новая газетан» журналисташа дехар динчу суьдан медицинан эксперташа а, баллистикан говзанчаша а тоьшалла дина, сурташ тIехь гуш болу нах юххера герз диттина байина бу аьлла.

Царах хIоранна а коьртах герз тоьхна, лерга уллера меттиг а лоцуш. Кхин герзо йина чевнаш яц царна тIехь.

Цхьана сурта тIехь вийначуьнан скотчаца дегIах йихкина ю куьйгайинчу бомбанан муляж. Гуш ду иза цIийн а, хоттан а томмугIашна тIехула тIейихкина хилар. ТIехула тIе вийначуьнан аьрро куьйга тIехь гуш ю гIоьмаша йитина лар, яздо "Новая газето".

И дерриг а тидаме эцча, кхеташ дац Новрахь хилларг билггала хIун ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG