ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчоьнан куьйгалхо… Хазбиев?


 Архивера сурт.
Архивера сурт.

Талламан изоляторехь волу шайн накъост республикан куьйгалхо харжийта лууш бу оппозицин декъашхой.

ГIалгIайчоьнан юкъараллан жигархоша куьйгаш гулдан долийна, бакъо а йоцуш, герз латторна а, Iедалан белхахой сийсаз барна а, цаьрга цабезам кхолларна а бехке веш волчу оппозиционерана Хазбиев Мохьмадана гIортор еш.

Цара Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире хьажийначу схьадиллинчу кехата тIехь дуьйцуш ду Хазбиевна дуьхьал толлуш долу бехктакхаман гIуллакх Iедалан векалша шаьш кхоьллина хиларх лаьцна. И кехат зорбане даьккхина Фейсбукерчу шен агIонехь юкъараллин жигархо а, публицист а волчу Албаков-Мяршхи Руслана.И бехктакхаман гIуллакх Евкуров Юнус-Бека доладайтина ду аьлла хета цунна.

Путине кехат яздинчу наха дIахьедарш до, Хазбиев тоьлла кандидат хиларх лаьцна, ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнан дарже хIотто. Цара дийцарехь, 11 шо ду иза "коррупцица а, Iедалхоша лелочу харцонашца а" къийсам дIахьош волу.

Карарчу хенахь ГIалгIайн Республикан куьйгалхо волчу Евкуров Юнус-Бекан хан чекхйолуш ю кхушара.

"Таханлерчу денна кхин нах бац, и хала болх балур болуш. Ма дарра аьлча, тхан цхьаъ бен президент - хьалхара а, тIаьххьара а – Аушев Руслан бен кхин хилла вац. Бисина куьйгалхой хIиттабора. Мохьмад хьанал, оьзда а стаг ву, шена хетачун тIехь чекхволуш волу", - дIахьедар дира Албаков-Мяршхис, "Кавказ.Реалиица" хиллачу къамелехь.

Цо билгалдаккхарехь, цара долийначуьнан коьрта Iалашо ю Хазбиевн гIуллакхана тIе тидам бахийтар.

Хазбиев дIалецира кхушара Дечкен-баттахь, кхо шо Нохчийчохь а даьккхина, цIавирзинчул тIаьхьа. Цо бехк шена тIе ца лоцу. Бехктакхаман гIуллакх шена дуьхьал долоран бахьана хета Хазбиевна, ша дIахьош болу юкъараллан-политикан болх.

РогIера кхеташо дIаяьхьира Хазбиевн гIуллакх луьстуш дIадаханчу оршотан дийнахь. Цуьнан адвокато Ибриева Хедас дийцарехь, кхеташонехь лебира бехкбиллархоша балийна тешаш, шайна юкъахь лецначу нахехь Iазап латторна чувоьллина "Э" (экстремизм) центран хилла кхо белхахо а волуш.

2015-чу шарахь уьш дакъалоцуш бара, герз а карош, Хазбиевн хIусамах хьовсуш. Амма кхелехь цу нахана цхьа а хIума дага ца дагIара, элира адвокато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG