ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицин каналан чатан хиллачу модераторан хIусамнана бохамхо ца лерина Нохчийчохь юха а


Тепсуркаев Салман
Тепсуркаев Салман

Оппозицин 1АДАТ телеграм-каналан чатан хиллачу модераторан Тепсуркаев Салманан хIусамнана оцу гIуллакхехь бохамхо лара аьлла рогIера листа чуделла хилла арз Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело къобал ца деш, юха хьажийна. Царна юккъехь там-мах бара бина, ткъа Нохчийчуьра талламан комитетан урхалло "цхьаьнаIар" лору иза, цу шиннан уллора юкъаметтигаш хилар чоьте ца оьцуш.

Кавказ.Реалии сайто хаамбарца, махкарчу Лаккхарчу кхело хьалхо юхабаьккхинера Соьлжа-ГIаларчу Висаитовн кIоштан кхелан сацам, латкъам юха а талла аьлла, дIа а хьажош.

"Хьалхарчу инстанцин кхело изза сацам бинера, тоххара а санна, гергара стаг бохамхо ву аьлла лара йиш ю, нагахь санна, и стаг веллехь, ткъа Салманан кхалхар официалехь тIечIагIдина дац аьлла тIе а тухуш. Бакъонца дац иза, масала, кIант шех дIахадийна Салманан да бохамхо ма лерина", - дийцира Кавказ.Реалиин корреспонденте, кхеташонехь дакъалаьцначу Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьал Комитетан" офисан юристо Жиженкова Иринас.

Къамел динчо билгалдаьккхира, Лаккхарчу кхелан кхеташонехь луьра гIуллакхаш зуьйчу талламхочо Лепиевс дIахьедира, Елизавета Салманца хан йаьккхина ю аьлла, бусулба динехь долайаьккхина хилар лара а ца лоруш. Процессехь дакъалоцучу прокуратурин векало дIахьедира, цу шинна юккъехь там-мах бина хиларх тоьшаллаш дац аьлла, ткъа Къилбаседа Кавказерчу "Iазапашна дуьхьалойаран Комитетан" офисан куьйгалхочо Ванслова Екатеринас аьллера, цуьнан тоьшаллаш талламхочуьнга дIакхачийна дара аьлла.

Цул совнах Нохчийчуьра Лаккхарчу кхелан кхеташонехь хиира, Тепсуркаев лачкъор толлуш долийна хилла бехктакхаман гIуллакх сацийна хиларх, талламхочо оьшуш мел хилла барамаш ша кхочушбина ваьлла аьлла. Из лачкъийна нах хIинца а билгалбаьхна бац, цо а до тоьшалла, таллам эвсара бина цахиларан, билгалдоккху Жиженковас.

  • 2020-чу шеран Гезгамашин-беттан 6-чохь Геленджикехь лачкъийра Тепсуркаев Салман, шаьш МВД-н белхахой ду шаьш аьллачу наха. ТIаьхьо гергарчийн аьтто баьллера Тепсуркаевн телефон Кадыров Ахьмадан цIарахчу полицин полкан Соьлжа-ГIаларчу декъа тIехь юйла хаа.
  • 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдира, Тепсуркаев бакъо йоцуш "нохчийн регистрацин номерш йолчу Toyota Camry машенашкахь нохчийн полицин Iаьржа духар доьхначу кхаа-пхеа стагах лаьттачу тобано" лачкъийна хилар.
  • 2022-чу шеран марсхьокху-беттан 23-чу дийне кхаччалц зорбанан гIирсаша а, бакъонашларйархоша а лачкъийна олий хьахаваора Тепсуркаев. "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" бакъонашларйархочо Садовская Ольгас жимстаг вийна аьллачул тIаьхьа хийцаделира иза.
  • Садовскаян дIахьедаран Кавказ.Реалии сайто тергойинчул тIаьхьа, IАДАТ боламо тIечIагIдира Тепсуркаев вийна хилар. Нохчийн оппозиционераша бехкевира цунна Кадыров Рамзанан уллорниг, Оьрсийчоьнан парламентан депутат Делимханов Адам а, Нохчийчуьра Росгвардин урхаллин хьаькам, цуьнан ваша Шарип а. Цхьана а кепара тIечIагIдарш зорбане даьхна дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG