ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оппозицин нохчийн блогеран ваша нуьцкъаша Украине тIаме хьажийна


Халитов Хьасан
Халитов Хьасан

Нохчийчохь вехаш хилла шен цхьахволу ваша бертаза Украине тIаме хьажийна аьлла, хаамбина Туркойчохь вехачу оппозицин нохчийн блогеро Халитов Хьасана. Шен телеграмерчу канале хIоттийначу аудио тIехь дина цо и дIахьедар.

"Нохчийчуьрчу Закан-Юьртара дIавигина иза, суна хетарехь, уьш дIакхаьчна йа кхочуш бу. Украине вигина иза, сан ваша тIом беш ву аьлла, кино яккха. ТIаккха [иза декхаре вийр ву] суна пIелгаш Iитта, "цкъа бен пайдаоьцуш бац царех олу ахь кхечарна- хьайн вешина ала изза", - боху Халитовс аудио тIехь.

Блогеран дешнашца, кадыровхойн Iалашо ю, тIамехь дакъалоцу ваша юкъахь а волуш "фильмаш" (видео) яха, ша лелочу оппозицин гIуллакхна дуьхьал.

ТIаме бахначу ницкъахойн суьрташ кест-кеста зорбане доху Халитовс, цуьнан информацица, Украинехь кхелхинчийн. "Утилизаци йина" а, "цкъа пайдаэцна" а Путин Владимиран тIемалой лору цо уьш.

  • Дечкен-баттахь хаамбира Халитов Хьасана, махкарчу шен гергарчу нахана тIеIаткъам беш хиларх меттигерчу Iедалхоша. Блогеран дешнашца, цуьнан да балхара дIаваьккхина, гIишлошъяран фирмехь хадархо вара иза. Цо чIагIдарехь, цхьахйолчу ХалитовгIеран йишигара бизнес схьаяьккхина – ТIехьа-Мартанарчу Закан-Юьртара бедарш тегаран ателье дIакъовла декхаре йира иза.
  • Хьалхо Халитовс бакъ дац элира, шен гергарнаш маьрша а бу, уьш цхьаммо а лечкъийна а бац аьлла, социалан машанехь яржийначу ролика тIехь дерг. Цуьнан йишин Хасимин бIаьргаш кIелахь сийна таммагIаш ду гуш.
  • 2021-чу шеран ГIуран-беттан 21-чохь Халитовс дийцира "Дождь" телекалана, Нохчийчохь вехачу шен деца а, вешица а зIе ца тасало шега аьлла. Хьалхо Халитовн вашас хаамбинера, кадыровхоша шайн доьзална кхерамаш туьйсу, блогер Iедалхошна луьйчуьра ца сацахь, шаьш хIаллакдийр ду бохуш. Блогеран дас видео дIаязйира, шен кIант шен мостагI ву а олуш - и видео зорбане яьккхира нохчийн парламентан депутато Ханбиев Мохьмада.
  • Дечкег-беттан 25-чохь Халитовс бехкевира Нохчийчуьрчу парламентан куьйгалхочун гIоьнча Кудузов Ризван шена шантаж ярна, республикан куьйгаллина ен критика сацаяр тIедожош. Ша бохург ца дахь, интернетехь йишин суьрташ даржор ду ша бохура цо, хаам бира блогера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG