ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Орца йа пиар? Стенна оьху Ичкерин агIончаш Украине


Оьрсашкхьа болчу сеператистхошца тIом беш йолчу Украинан Къоман гвардин декъехь йолчу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу лаамхойн батальонан шевронаш
Оьрсашкхьа болчу сеператистхошца тIом беш йолчу Украинан Къоман гвардин декъехь йолчу Дудаев ДжовхIаран цIарахчу лаамхойн батальонан шевронаш

ТIаьххьарчу кIирнашкахь Киеве сих-сиха Европера нохчийн делегациш йогIу, боьдучу тIамехь Украинан агIо лоцу цара. Украинхойн Iедалшна а, нохчийн батальонашна а юккъехь зIе латтайо, кIелхьара баьхначарна накъосталла до, гуманитаран гIо дIакхачадо. Эксперташа бахарехь, юкъаралла кхета еза оьрсийн байракхна кIелахь тIом беш болчу кадыровхошна а, украинхойн эскаран декъехь Оьрсийчоьнна дуьхьала лата кийча болчу нохчашна а юккъера башхалла.

Кавказехь вевзаш волу, рогIерчу хенахь Польшехь вехаш волу блогер Белокиев Ислам Украинерчу хиламех лаьцна блог лелош ву, Оьрсийчоьнан эскаршна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун дIахьедаршна а критика йина ца Iаш, цо дуьйцу, украинхошкхьа йолчу нохчийн батальонийн векалшца а, тIе ца эцначу Ичкерин кхечу политикашца а цхьанакхетарх лаьцна.

Оьрсийчохь Белокиевна дуьхьала бехктакхаман гIуллакх диллина, йийсаре лаьцначу гIалгIайн эскархочух лаьцна видео яккхарна: блогеро гуш-хезаш Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаш лелорна хьокъехь харц хаамаш даржийна, аьлла хета талламна. Хьалхо терроризм бакъ йарна а, нацизм юхаметтахIотторна а шеконашка лаьцнера иза.

Белокиевца цхьана наггахь вистхуьлу Ичкерин хилла президентан Масхадов Асланан кIант - Анзор, дуьххьарчарлахь цхьаъ ву иза Украине Норвегера кхаьчначех. Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь цо дийцира, нохчийн батальонашна официалехь статус яккхаран хаттарна тIехь ша болх беш хилар а, иштта Оьрсийчоьнан эскарша оккупаци йина хиллачу украинхойн латтанашна тIе ша вахарх лаьцна. Масхадовс дIахьедира, украинхойн хьаькамашца а, жигархошца а цхьа база кхолла гIерта ша, оьрсийн эскаро Нохчийчуьрчу тIемашкахь а, таханлерчу чугIортарехь а лелон тIеман зуламаш схьа а гулдина.

Стигалкъекъа-бутт болалуш Францера Киеве веара нохчийн пачхьалкхан "Толам" Комитетан цхьахволу куьйгалхо Сулейманов Джамбулат, иза цхьанакхийтира Украинан байракхна кIелахь тIом беш болчу нохчийн эскархошца, шайлахь шейх Мансуран цIарах йолчу батальонан куьйгалхо ЧIебарлойн Муслим а волуш.

Стигалкъекъа-беттан 22-хь гучуелира къобалъянзачу Ичкерин делегаци, шен коьртехь арахьарчу урхаллан куьйгалхо Закаев Ахьмад а волуш. Цо дийцира Кавказ.Реалиига, Украинана тIеман гIо латтон тобанаш кхолла Iалашонашца доьзна ду оцу махка кхачар. Оцу гIуллакхна, политика бахарехь, Украинан официалан хьукматашца бартбар оьшу - иза дан аьтто а хилира церан.

Тилар чуьра схьаваккхар

Шайн хаамийн таронех пайда а оьцуш, гIо до нохчийн жигархоша Украинана. Масала, Францехь ехачу политикан тутмакх хилла йолчу Муртазалиева Зарас Украинерчу шена бевзачарна шортта тидам латтабо, шен фейсбукерчу доларчу блогехь хилла а ца Iаш, францхойн маттахь йолчу Оьрсийчоьнах лаьцначу сайтехь хIитточу арахецаршкахь а. Цо иштта дуьйцу, Европан пачхьалкхашкарчу оьрсийн мотт буьйцучу диаспорийн хьолах а, Кремлан пропагандех, мухIажаршна гIо латторах лаьцна.

Оцу тIамехь нохчех шайтIнаш дархьама дерриг лелийна Кремло

Сулейманов Джамбулата дуьйцу шен социалан машанашкарчу агIонашкахь нохчийн тIеман кхиамех лаьцна. Ичкерин дуьххьарчу президентан йиссинчу зудчо Дудаева Аллас оьрсийн эскаро Украинехь лелийначух лаьцна дуьйцу, жигара журналисташца къамелаш до цо. Масала, Кавказ.Реалиин дукха хан йоцуш хиллачу интервьюхь цо дуьстира Нохчийчохь а, Украинехь а хилла тIемаш, дийцира, кадыровхой Москван агIо лаьцна стенна бу.

Иштта Германера, Польшера, Австрера, Францера, кхечу пачхьалкхашкара а нохчийн организацеш гуманитаран гIо гулдо украинхошна, орца доккху шайн махка эвакуаци йинчу мухIажаршна а. Цул сов, тайп-тайпанчу Европан гIаланашкахь тIамна дуьхьала акциш хIиттайо цара.

Тайп-тайпана нохчийн политикаш а, йозуш йоцчу Ичкерин агIончаш а Украинехь гучубовлар – иза арахьарчу диаспорна лерина пиар санна тIелоцу официалерчу Соьлжа-ГIалано.

Блогера, Кадыровн рожан критика Абдурахманов Тумсос Кавказ.Реалиица хиллачу къамелехь дIахьедира, пиарах лаьцна хаттар хIоттор а нийса ца хета шена.

Абдурахманов Тумсо
Абдурахманов Тумсо

Нохчийн политикаш Украине лелар коьрте хIунда ду кхетийра цо: " Оцу тIамехь нохчех шайтIанаш дархьама дерриг лелийна Кремло. КIезга дакъа ца лецира оцу тIехь дуьненан зорбанаша а, масала, конфликт йолаелча, Беларусь санна, нохчий Оьрсийчоьнан агIончаш санна гойтура. Ца хьахдора, бурятхой, якутхой, кхинберш санна, нохчий оьрсийн эскаран декъехь хилар. Дукха украинхой тилар чу берзийнера оцу тайпа хаамаша. Цундела нохчийн позицих лаьцна кхеторан болх бар – иза вуно оьшуш ду оцу тIамехь".

Цунна тIетайра шейх Мансуран цIарахчу батальонан хаамийн сервисан куьйгалхо Чеченский Богдан.

"Шен пачхьалкхан цхьаалла а, йозуш ца хилар а ларъеш йолчу Украине нохчийн блогерш, юкъараллин жигархой а бахкар, къаьсттина Закаев, – иза мах хадо йиш йоцуш мехала ду тхуна, хIунда аьлча, иштта нохчаша дерриг дуьненна гойту, украинхойн къоманна массо а тIетайна хилар а, оцу халчу хьолехь, политикан а, тIеман а орца даккха кийча хилар а", - аьлла къамелдечо.

Даьхнашца доза кхетта

Дозанал арахьарчу нохчаша дечу дIахьедаршна лазаме реакци еш хиллачу Соьлжа-ГIаларчу Iедало тIом болабалале хьалха дIахьедира, евроичкерихоша Кадыров Рамзанах лаьцна дуьйцучунна комментариш йан реза дац шаьш. Амма оьрсийн Украине чугIортар доладелча Нохчийчуьра хьаькамаш нуьцкъаллин кепехь шайн дуьхьалончашна а, церан гергарчу наханна Iаткъам бан буьйлира.

Масала, Закаев Ахьмад Киеве веана де даьлча, цуьнан воккхахволчу вешин Хьалх-МартантIерчу хIусаме ницкъахой баьхкира, шайлахь видеооператор волуш. Оцу хьолана гергарчу хьосто Кавказ.Реалиига хIетахь дийцира, уьш шозза бахкарх: Закаевца видеоролик а яьккхина, делегаци дIаяхара, куьйгалхойх цхьанна ролик дIагайтархьама, амма юхабаьхкира, иза цунна ца тайна хиларна. ШолгIа Закаевна, дийцарехь, еара шаьш язйина, кийча текст. Оцу тIехь цо емалво шен гергар стаг, къобалдо Оьрсийчоь шен луларчу пачхьалкхе чугIортар а.

ХIинца Украинехь хуьлучух даккхийра дан йиш яц тхан

Охан-бутт болалуш иштта хиира Туркойчуьрчу блогеран Халитов Хьасанан воккхах волу ваша нуьцкъаха "шен лаамаехь" Украине хьажийна хиларх лаьцна – цуьнан гергарчу стага динчу дIахьедаршна дуьхьала жоп дара иза. 100 стагах лаьттачу тIеман тобанан буьйранча хIоттийра иза – цунах лаьцна Халитов Рамзана ша дийцира Iедалехьа йолчу каналаша яржийначу видео тIехь.

Нохчийчуьра "лаамхой" бу бохурш нуьцкъаха тIаме хьийсабо аьлла дийцира нохчийн бакъонашларъяран "Вайфонд" ассоциацехь. Церан зерашца, цига баха декхаре биначийн декъехь заьIапхой а, ницкъаллин, йа пачхьалкхан хьукматашца цхьанне агIора боьзна боцурш а бу. Пачхьалкхан белхахошка "лаамхойн" декъе бовлуш кехатна кIел куьйг яздайтина, амма уьш хIинца а фронте ца хьийсош, резервехь латтабо.

  • Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан кийча ву миллион доллар ахча дала, украинхойн батальонийн буьйранчаш болу меттиг йийцинчунна. Цо бахарехь, царна харжам бан аьтто лур бу: йа "тIера кортош дахар", йа бехказа вуьйлуш видеош дIаязъян.
  • Украинехь доьлхучу тIеман тийсдаларшкахь дакъа лоцуш Нохчийчохь куп тоьхна Оьрсийчоьнан тIеман министраллин йиъ тоба ю. Эскархойл совнаха, Украине хьийсийначарлахь Росгвардина юкъадогIу дакъош а ду, иштта республикера гулбина ца Iаш, ерриг оьрсийн регионашкара вовшахтоьхна лаамхой а.
  • Украинан тIеман министраллан талларан коьртачу урхалло хьалхо мах хадийра Нохчийчуьра хьажийначу "лаамхошлахь" хиллачу эшамашна – вийнаг 100 стаг ву элира цара. Иштта далахь а, дайначу кIирнахь украинхойн агIоно дIахьедира, кхоъ нохчийн буьйранчан кхалхарх лаьцна. Официалехь тIелаьцна исс стеган кхалхар. Кавказ.Реалиина хиина 60 гергга веллачух, хIинца и терахь кхин а лакхара хила мега.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG