ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Адамийн бакъонаш зен Нохчийчу боьлху 16 пачхьалкхан векалш. Хир яц миссин декъахь Москох


Европан Кхерамзаллехула а, Юкъарлонашкахула а йолчу Кхеташоно (OSCE) сацамбина адамийн бакъонаш толлу, шех Москох кхоьллина механизм олу кеп юьхьар а оьцуш, Нохчийчохь бакъонаш талхор зен. Оцу хьокъехь шен бриффингехь журналисташка хаамбина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн Пачхьалкхан Департаментан векалан гIовсо Палладино Роберта, яздо хьасташа.

"Тахана Венехь, Европан Кхерамзаллехула а, Юкъарлонашкахула а йолчу Кхеташонехь Цхьаьнатоьхна Штаташ I6 пачхьалкхо кхоьллинчу коалицин декъа яхна, Москох кхоьллинчу механизмах – адамийн бакъонаш талхорца евлла проблемаш толлучу, дипломатехь наггахь бен лелош йоцчу кепах – пайдаэца", аьлла дипломато.

Палладинос бахарехь, "оцу гIулчо йолайо официалехь дуьненаюкъара мисси – Оьрсийчоьнан Федерацерчу Нохчийчу, цигахь цхьанненан а жоьпаллехь а доцуш, адамийн бакъонаш талхайо бохуш баьржа хаамаш таллар".

"Нохчийчохь, еш кхел а йоцуш, нах бойу, хьийзабо, бух боцуш лоьцу, кхидолу зуламаш до, олий, баьржа хаамаш" Оьрсийчоьне шега таллийта Цхьанатоьхначу Штаташ а, OSCE юкъайогIу кхийолу пачхьалкхаш а гIиртина", амма аьтто ца баьлла, дицира брифингехь Палладинос.

"Тхо а, тхан даггара болу кхин мехкаш а дукха гIиртина Москох бехкечарна бекхам бечу новкъа яккха. Дуьненено дуккхаза а шегара сингаттам дIакъадорах, Оьрсийчоьно ца делла кхоччуш жоп", элира Штатийн Пачхьалкхан Департаментан векало.

Цо билгалдаккхира, Iаьмеркан Цхьаьнатоьхна Штаташ тешна ю ша, OSCE-ца цхьана болх а беш, "Оьрсийчохь адамийн бакъонаш талхош хилар Iорадоккхур ду бохучух".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG