ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Паччахьан оьгIазло. Хьалха-Мартанахь хиллачунна тIехула Украине хьийсон кхерамаш туьйсу Кадыровс


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIуран-беттан 11 -чу буса Нохчийчуьра Соьлжа-ГIалина 30 километар дехьа йолчу Хьалха-Мартанахь дов даьллера Росгвардин шина резервхочунна а, меттигерчу ГИБДД-н белхахошна а юкъахь. Вовшашка бага лейеш доладелла дов дирзира летаршца а, герзаш деттарца а, оцу юкъагIоьртира меттигера бахархой а. ШолгIачу дийнахь Нохчийчоьнан куьйгалхо Кадыров Рамзан вистхилира дов долийначарна а, оцу хьолан тешашна а дуьххьал дIа кхерамаш а туьйсуш, дIакхайкхийра, уьш Украине тIамтIе бохуьйтур бу аьлла.

Телеграм-каналийн хаамашца, дуьххьара конфликт йолайеллера Хьалха-Мартанахь некъан низамаш дохийначу Нохчийчуьра Росгвардин белхахочунна а, иза сацийначу некъан полицин инспекторна а юкъахь.

И хьал чолхе делира, ГИБДД-н белхахо меттигера цахиларна – луларчу эвлара ву иза, ткъа Росгвадин эскархо – Хьалха-Мартанара. Девнна юкъагIоьртира церан урхаллера ницкъахойн белхан накъостий а. Оцу тIехула иттаннашкахь герзашца болу нах юкъаметтигаш къестон буьйлира гIалин уггар а дукха нах болчу меттигехь, тIехбуьйлучарна а, машенлелорхошна а хьалха. Росгвардин эскархой "довхо" сацон гIоьртича, вукхо тапча а йаьккхина, когаша буха йетта волавелира.

"Забарш йойтур йац"

Хьалха-Мартанахь хиллачунна тIехула Кадыров Рамзана видеокхайкхам дIайазбира. Нохчийчоьнан куьйгалхочун букъа тIехьа лаьттара цуьнан йишин кIант Черхигов, республикера ГИБДД урхаллин хьалханча. Росгвардихь гIуллакх деш бацара конфликтан декъашхой, уьш резервехь латтош хилларш бу аьлла, дIахьедира Кадыровс.

"Цигахь хиллачийн массеран а цIераш тIехь тептарш ду тхоьгахь, цул а кечло леррина операци (Украинана дуьхьал бечу тIамаш иштта олу Оьрсийчоьнан Iедалша. – Редакцин юилгалдаккхар.) дIахьочу даха, йа ас нах хьовсор бу шуна тIе, тIаккха цхьацца а довлуш, къастор аша", - кхерамаш тесна мехкан урхалхочо, шен куьйгакIел мел долу дакъошкара ницкъахой Хьалха-Мартана хьовсор бу аьлла, тIе а тухуш.

Даим ша олучу кепехь маьттаза бехкбаьккхина Кадыровс, дов долийнарш стешхаллина бехкебина, "зударийн кучамашна тIехьа лечкъина, Украине бахийта кехаташ шайга кхаьчча" аьлла.

Цо гойту, цивилан методаш лаха а, царех пайдаэца а цуьнан хьекъал а, лаам а цахилар

ГIуран-беттан 11-чу суьйранна масех эзар стаге кхаччалц нах юкъахь болуш тIеман дакъош Хьалха-Мартана чуозйира. Яхначу буса ницкъахошна юкъахь дов иккхинчу оцу меттигехь рейдах лаьцна комментарий йира Нохчийчуьра МВД-н урхаллина юкъайогIучу Кадыров Ахьмадан цIарахчу полкан командиро Чалаев Замида. Цо ма-аллара, спецназхой гIаличу баьхкина, "паччахьан омра" кхочушдан.

Шен хьаькаман къамел кхин дIахьочу Чалаевс нах сийсазбеш, кхерамаш тийсира. Цо бахарехь, "11 эзар нохчо ву Украинехь", ницкъахойх цхьа а махкахь висина вац, бакъоларйаран органийн белхахошна "коча оьхуьйтур" бу бохург дац иза аьлла.

"Оха оцу нахе тхайца бегаш бойтур бац. Уьш дуьненчу бовларх а дохкобохур бу оха", - дIахьедира полицин подполковнико.

Лакхахь хьахийна Нохчийчухула йолчу ГИБДД-н куьйгалхо Черхигов Идрис а кхечира цига. Ша даржехь стаг воллушехь, Росгвардин юкъарчу конфликтан декъашхошна "цхьаъ цхьацца" юьстахвалар хьийхира цо. Кадыровн йишин кIанта иштта тIечIагIдира, гIаларчу ницкъаллин операцехь Соьлжа-ГIалара дакъош ду юкъаозийна, уьш билггал мел бу Черхиговна хууш дацара.

Рейдах лаьцна жигара гайтира меттигерчу пачхьалкхан телехьожийло а. Бакъду, "Грозный" ЧГТРК-н эфирехь ца гайтира социалан машанашкара Хьалха-Мартанарчу бахархошца шогаллаш лелош дуккха а видеош. Буса хиллачу оцу инцидентан тешаш лоьхучу ницкъахоша машенлелорхошка телефонаш йостуьйтура, церан машенех талламаш бора, куьзганаш тIехь Iаьржа пардо хиларна, куьзганаш отура.

Нохчийн NIYSO телеграм-канало шайн хьасташна тIетевжаш, хаамбира, рейдаш дIайаьхьначул тIаьхьа гIалахь ткъа гергга жимстаг лацарх.

"Даим лелош болу репрессин гIирсаш"

Хьалха-Мартанахь хилларг бахьана долуш Нохчийчоьнан куьйгалхочун оьгIазечу реакцих дуьйцучу Оьрсийчоьнан бакъоларйархочо Черкасов Александра билгалдоккху, оцу кепашца республикера керла эскархой Украинерчу тIамтIе хьийсон бахьана лоьхуш ву Кадыров Рамзан аьлла.

"Юьхьанца мехкан куьйгалхочун хилла таронаш, схьагарехь, хIинца тоххара санна ницкъе йац, цундела Украинера дакъош дузархьама хIуъа а лелор ду цо. "Лаамхой" хила тарло хIинца "карзахбевллачех" а. Делахь а, хIара-м шира тактика ю, Советан заманара схьа", - дIахьедира Черкасовс Кавказ.Реалиин журналистаца хиллачу къамелехь.

Нохчийчуьра бакъонашларйархочо (шен цIе йаккха ца лиира цунна.- Редакцин билгалдаккхар.) билгалдаьккхира, Хьалха-Мартанахь хиллачу инциденто юха а гойту, Кадыровн система гергарчийн уьйраш тIехь йоьттина юйла.

Кадыровна хаьа, оцу ражна дуьхьал гIатта халкъ кийча дуйла

"Конфликтан цхьахйолу агIо лецира мехкан урхалхочо, меттигера ГИБДД-н урхаллин куьйгаллехь волчу шен йишин кIанта дийцинчунна тIехь кхоллайелла. ШолгIа аьлча, кхетамца и дов дерзоран меттана, цо сацамбина ша даим лелош йолчу репрессийн механизмех пайдаэца, цхьана а агIор бакъйоцу, йогIуш йоцчу къизаллица. Цо гойту, цивилан методаш лаха а, царех пайдаэца а цуьнан хьекъал а, лаам а цахилар", - дIахьедина Кавказ.Реалиица къамелдинчо.

"Европера нохчийн Ассоциацин" куьйгалхочунна Муртазалиев Асланна хетарехь, Хьалха-Мартанахь хиллачунна Кадыровс йинчу реакцино дIагойту, муьтIахьаллин кхерам йа хинйолчу дуьхьалонан кхерам хиларх, иштта ницкъахошкара схьа а.

"Цунна хаьа, иза кхеташ ву, нагахь санна нах гIовттий, уьш совцалур бац. Оцу тайпаниг тоххара а хилла ду, хIинца башхалла стенца ю аьлча, Кадыровна хаьа оцу ражна дуьхьал гIатта адам кийча дуйла", - чIагIдо Муртазалиевс.

  • Нохчийчохь, ГIалгIайчоьнна гена йоццучу Ассиновская станицехь лахьан-беттан 30-чохь Iуьйранна бевзаш боцчу наха нехан уьйтIарчу машенна герзаш диттинера, цхьана стагана чевнаш йира.
  • Лахьан-беттан 21-чохь Соьлжа-ГIалина юккъехь полицина тIелеттера. Официалан хаамашца, уьрсаца зулам динера 19 шо долчу меттигерчу вахархочо. ГИБДД-н полисхо вийнера цо, цуьнгара тапча а йаьккхина, кхечу полисхошна тIелата воьллера, дуьхьал герз тоьхна, вийра иза.
  • Украинхойн талламахоша стигалкъекъа-баттахь цIераш тIехь йолуш зорбанедаьккхичну тептара тIехь Нохчийчуьра Украинерчу тIаме хьийсийначу кадыровхойн а, лаамахой олучийн а могIарера 14 стаг ву Росфинмониторинган террорхойн тептарехь. Царех виъ хIинца а ву оцу тептарехь, гIадужу-баттахь цхьаъ юкъараваьккхира.
  • Керлачу шарна лерина салюташ кхийсар а, концерт хIоттор а юкъахдаьккхина Соьлжа-ГIалахь. Барамийн цхьа дакъа юкъахдаккхаран бахьанаш хоуьйтуш дац, амма хьалхо кху шарахь мехкан урхалло дихкинера даккхий ловзарш хIиттор Украинехь Нохчийчуьра дукха эскархой леш хиларна.
  • Украинхойн Изюм гIалахь урам гучубаьлла Нохчийн Ичкерия республикан хиллачу хьалхарчу президентан Дудаев Джохаран цIарах. Изюман мэран гIовсо Кавказ.Реалии сайтана йеллачу интервьюхь дийцира, Оьрсийчоьно оккупаци йинчу хенахь кадыровхоша лелийначух.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG