ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Паччахьана тIера мехкан дена тIекхаччалц? Нохчийчоьнан Конституцира Кадыровн керла титул


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нохчийчоьнан куьйгалхочун даржана "мехк-да" аьлла тIетоьхна – оцу кепара меттигерчу Конституцихь тIетохарш дар хьийхира мехкан парламентан куьйгалхочо Даудов Мохьмада, цул тIаьхьа и сацам тIечIагIбира ша Кадыров Рамзана а. Инициативо кеп-кепара реакци гIаттийра юкъараллехь, билгалдоккху Кавказ.Реалиино хаттарш динчу эксперташа.

Гочдарехь халонаш

Зорбанан гIирсашкахь резонанс хилира оцу Нохчийчоьнан Конституцин хийцамашна тIехула, цул тIаьхьа Кадыровн гонашкара хьаькам, мехкан цIарах Оьрсийчоьнан парламентехь депутат волу Делимханов Адам гIоьртира оцу сацамах кхетон. "Мехк-да" бохург "лаккхара даржера стаг" бохург санна ду аьлла, дIахьедира цо.

Оцу мьаьIнехь вистхилира нохчийн парламентан куьйгалхо Даудов Мохьмад а. Шена гергахь оцу маьIнин чулацамах дийца хьийзачу цо хаамбира, "мехк-да" – иза "шен къомах жоьпалла тIехь долу куьйгалхо ву" аьлла.

2023-гIа шо регионехь нохчийн меттан ду аьлла дIакхайкхийна ду, Кадыровн керла цIе, цунна хетарехь, йоьзна ю къаьсттина цуьнца аьлла, оцу тIе даьхьна Нохчийчоьнан зорбанан а, информацин а министро Дудаев Ахьмада. Пафосан градус охьайаккха, аьлла тIедожийра Дудаевс, "мехкан урхалхо" бохучу дешан "маьIнехь ду даржан гочдар" нохчийн маттахь аьлла. Даудов а санна, Дудаев а тIетевжина "мехк-да" – иза "историхь лелла алар ду", амма билгал ца даьккхира, Нохчийчохь хьенах олуш хилла хьалха иштта.

Кадыров Рамзан, Делимханов Адам, Даудов Мохьмад
Кадыров Рамзан, Делимханов Адам, Даудов Мохьмад

Кавказ.Реалии редакцино талламбира масех нохчийн мотт хуучу нахаца хиллачу къамелехь оцу дешнийн гочдаран: "мехк-да" бохург ду "халкъан да". Оьрсийн маттахь "глава республики" дарж нохчийн маттахь кхин чулацам болуш ду: "ресубликан куьйгалхо" аьлла.

Къаьстинчу историкаша билггал къаставора иза йа важа гIуллакхдархо "мехк-да" санна, амма и церан шайн мах хадор дара. Нохчийчоьнан Конституцихь и цIе лелор нийса хилар шеконашка дуьллу историко, нохчийн юкъаралхочо, Францихь куп тоьхначу "Цхьааллин ницкъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата.

"ХIара къовсаме хаттар ду, могIарчу нехан багахь и "мехкан-да" боху дош лелаш доллушехь. Нохчийн эгалитаран юкъараллехь титулш муххале а ца хиллера, цхьаъ вукхул а лекхара хетар а ца хилла социалан могIаршкахь, иза бIостане дара нохчийн халкъан философица а, хьежамашца а. Цундела чIогIа шеконе ду Кремло дIахIоттийначу Кадыровн дикторан ражна историн бух бала гIертар", - боху Сулеймановс.

Оцу юкъанна ша и термин нохчийн а, гIалгIайн а историхь хилар бакъ ца до Сийлахь Петран цIарахчу Кавказан Музейн этнографин, антропологин декъан лакхарчу Iилманан белхахочо Албогачиева Маккас. "Халкъан да" боху цIе юкъайаьккхина дукха хан йац, формалехь доцуш пайдаоьцу оца маьIнех гIалгIаша а, нохчаша а регионан куьйгалхочух дуьйцучу хенахь аьлла, билгалдаьккхира цо.

Москван муьтIахьалла?

2010-чу шарахь ша Кадыровс, хIетахь Нохчийчоьнан президент хиллачу, хьийхира "президент" боху дош куьйгалхо аьлла хийцадезар. "Оьрсийчохь пачхьалкхан цхьана гIуллакхадархочун бен бакъо йац президент хила" аьлла, кхетийра цо цунах.

ХIетахь Кадыровн инициатива дукха сиха тIеийцира регионашкахь а, ткъа Думехь низам даьккхира, цуьнца а догIуш, низам хийца, массара а мехкан куьйгалхо цIе лелор цхьана кепе далон автономешна пхи шо делира. РогIера хан кхаьчча а Оьрсийчоьнан субъекташлахь цхьа Татарстан йисира куьйгалхо "президент" аьлла, билгалвоккхуш. Делахь а 2022-чу шеран гIуран-баттахь даржан цIе хийцира гIезалойн маттахь марзделлачу "раис" (куьйгалхо.-Редакцин блгалдаккхар.) дашца. 2021-чу шеран гIуран-баттахь регионийн урхалхошна "президент" алар доьхкуш Путин Владимира омрана куьгйаздинчул тIаьхьа хилира иза.

Оьрсийн цхьамзанаш тIехь кочадоьллина, ша цхьаммо Iедалан урхалла деш юридикехь бакъо тIечIагIйан гIерта иза

Субъектийн куьйгалхойн даржаш билгалдахарехь хьежамаш кеп-кепара хир бу аьлла ца хетара шо хьалха Кремлехь. Украинехь тIом боьдучу юкъанна федералан центро стенна бIаьргаш хьаббина Нохчийчохь "мехк-да" олучу инициативана? ХIинца регионашна хьалха цхьацца хIуманашна тIехь юхайийла декхаре ю Москва аьлла хета Къилбаседа Кавказехь болх бечу Оьрсийчоьнан бакъонашларйархочунна (кхерамзалла ларйеш шен цIе хьулйира цо.-Редакцин билгалдаккхар.). Цо бахарехь, гIезалойн инициативех пайда а оьцуш, шен амбициш кхочушйан таро хилла цунах Кадыровн, хIунда аьлча, ша Нохчийчохь "халкъан да" цунна хета дуккха а хан ю, иштта лелар а ду цуьнан.

"Цуьнца ши Iалашо кхочушйан сацам хилла Кадыровн. Цкъа-делахь, оцу кепарчу идейх массарчул а хьалха дIахаийта марзвелла ву иза, цундела тIаьхьавуьсийла дацара гIезалойн коллегех Миннихановх. ШолгIа-аьлча, оьрсийн цхьамзанаш тIехь кочадоьллинчу Iедалан, ша цхьаммо урхалла деш юридикехь бакъо тIечIагIйан гIерта иза. Цуьнан чакхе мел дика хилахь а, елбасан (пачхьалкхан урхалхо.-Редакцин билгалдаккхар.) Назарбаевн ма-хиллара хир ю, делахь а, цуьнан куьйгалла дар дерза тарло Каддафин финал санна", - аьлла хета бакъоларйархочунна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун даржана "мехк-да" аьлла дешнаш тIетохар – Москван йухайалар ду аьлла хьажам бу Sciences Po Парижера политикан Iилманийн институтан политологна Гордадзе Торникена а.

Центран гIуллакхаш ледара мел довлу, регионашна юха а, юха а шайна тIетан луур ду

"Оьрсийчоьнан гIорасиз гайтина тIамо. И гуш дара, масала ШолгIа дуьненан тIеман хенахь, Оьрсийчоьнан Сийлахь Даймехкан тIом олучу агIонехь. Масала, Сталин декхар хилира динан маршо йала а, цуьнан буха тIехь бахархой вовшашца дIаэбан а, коммунистийн идеологина тIехь Iийна ца Iаш", - тешна ву Гордадзе.

Украинера тIом бирзича хиндолчун башха ойла йечух тера а дац Кадыровс аьлла, тIетуьйхира цо.

"Центран гIуллакхаш ледара мел довлу, регионашна юха а, юха а шайна тIетан луур ду. Цундела Москваца берта даха таронаш лоьху цара, тIом бирзича мел а алсам шайна пайда хилийта гIерташ", - дерзийра къамелдечо.

Культ

Республикерчу Iедалан структурашкарчу наха хьалха а олура Кадыровх официалехь доцуш "мехк-да" – паччахь олура цунах. И термин лелайо официалан пропагандо. Нохчийн гIиллакхашца догIуш доцчу оцу аларца доьрзуш дац. Масала, Кадыровн уллорчу гонашкара махкарчу хьаькамаша шайн социалан машанашкахь регионан куьйгалхочуьнга бистхуьлу "хьоме ваша" олий. Цул совнах, Кадыровх лаьцна йаздечу хенахь, дашехь доллу элпаш даккхий йаздина хуьлу.

Иштта бистхуьлу цуьнан берашка а, йижарийн, вешин доьзалашка а, ткъа ненах Кадырова Айманих "хьоме нана", йа "мехк-нана" олу. "Мехк-нана" элира цуьнга, масала, гIалин гуламо "Соьлжа-ГIалин сийлахь йахархо" аьлла, цунна совгIат дечу хенахь, иштта зорбанан министр лаьттинчу Умаров Джамбулата а.

Бакъонашларйархошна хетарехь, КадыровгIеран культ ницкъ тIехь лаьтташ ю – мехкан урхалхочун куьйгакIел ю нефтяной олу полк, экстремизмана дуьхьало латтон меттигера центр, иштта, цуьнан долара арми лору Росгвардира спецназан дакъош а.

  • Нохчийчоьнан куьйгаллхеь ву Кадыров 2007-чу шарера схьа дуьйна. ХIетахь дуьйна масийттазза бехкевора иза адамийн бакъонаш талхорна, цунна луьйш берш лечкъорна а, байарна а жоьпалла политикна тIе а дуьллуш. Нохчийчоьнан куьйгалхочунна дуьхьал санкцеш йаьхна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа а, Евроберто а. Оьрсийчоь шуьйрачу тIамца Украине чугIоьртинчу тIаьхьа Кадыровх уггар а коьрта тIеман пропагандист хилира,регионан урхалхочо кест-кеста дIахьедо йолахой тIамтIе хьийсорах, кхерамаш туьйсу президентана Зеленский Владимирна. Цул совнах, Оьрсийчоьно зарратан герзах пайдаэца тардаларх а хьахийра цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG