ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкх Оьрсийчоьнах "схьатоха" кийча волчу Кадыровна жоп делла Украинан депутато


Гончаренко Алексей
Гончаренко Алексей

Лакхарчу Радан депутато Гончаренко Алексейс жоп делла Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана Украина Оьрсийчоьнех схьатоха ша кийча хиларх динчу дIахьедарна.

"Цо [Кадыровс] шен пачхьалкх ларйина, цундела хьекъал гайта гIерта кхечарех дуьйцуш? Гайтийша иза [Нохчийчоь] карти тIехь, йозуш йоцчу пачхьалкхашлахь кара ца йо суна... Хьо стенга гIерта? Кхузахь хьоьх баккхийбеш бац!, - яздина украинхойн парламентхочо, "Европейская солидарность" фракцин декъашхочо шен телеграм-каналехь.

Шена хетарехь, Кадыровн дIахьедар тIейогIучу заманчохь луьстур ду Дуьненаюкъарчу кхелехь Гаагехь, боху Гончаренкос.

Иштта депутато бехкбаьккхина Украинан президентера а, арахьарчу гIуллакхийн министрера а, Нохчийчоьнан куьйгалхочун кхерамаш тийсар тергамза дитарна.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана кху беттан 26-чохь йоьдучу пресс-конференцехь дIахьедира, Украина Оьрсийчоьнах йа Нохчийчоьнах схьатухуш "хаттаран йист яккха" кийча ву ша аьлла.

"Украина вайн пачхьалкхех схьатоха езаш ю, и вайн территори ю", - аьлла Кадыровс, нагахь санна, оцу хаттарх йист яккхар шена тIедиллинехь, ша тоххара дерзийна хир дара аьлла, тIе а тухуш. Цо бахарехь, новкъарло йо цунна "пачхьалкхашна юкъарчу берташа".

"Йа Украинех дIатухур яра Нохчийчоь, йа тоххара схьаяьккхина хир яра, циггахь и хаттар чекхдаьккхина а хир дара", - дIахьедина Кадыровс.

И дешнаш хазийна цо Оьрсийчоьнан а, Украинан а дозанашкахь хьал телхина догIучу юкъанна. Малхбузен къайлахчу сервисаша дIахьедо, луларчу пачхьалкхана чугIорта Москва кечам беш ю аьлла. ТIамна кечлуш хилар бакъ ца до Кремло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG