ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пачхьалкхан Думан хьал долчу итт депутаташлахь нисвелла ГIалмакхойчоьнан векал

Богатов Михаил
Богатов Михаил

"Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах Оьрсийчоьнан парламентан керлачу тобане хаьржина ГӀалмакхойчоьнан Халкъан Хуралан депутат хилла волу Богатов Михаил хьал долчу депутатех хIоттийначу тептарехь нисвелла 2025-чу шеран жамIашца. Шен декларацехь 2,14 миллиард сом ахча даьккхина хиларх дIахаийтина цо.

Декларацешна тӀе а тевжаш, РБК-но динчу хьесапашца, стохка Богатов Михаила даьккхинчул алсам рицкъ тIедеанера стохка НОВАТЭК-ан директорийн кхеташонан куьйгалхочунна Симановский Леонидана а (5,96 млрд сом) а, ABI Product боккха маша кхоьллинчу Аникеев Григорийна а (2,4 млрд сом).

Хьалхо РБК-но, харжамаш тӀекхочуш Коьртачу харжамийн комиссино зорбане йаьхна декларацеш теллина, йаздира, Пачхьалкхан Думе къвосалучу массо а кандидаташлахь уггар йоккха машенийн парк Богатовн долахь йу аьлла. Цо дӀакхайкхийра 163 машен йу аьлла, шайна йукъахь лайш тIехула хоьхку машен а, некъаш тоден ролик а, кеманаш а долуш.

SPARK системан хаамашца, Богатов Михаилан долахь йара некъаш а, автомагистралаш а йеш йолу DEP-08 компани а. Кхушара цу компанино 60 миллион сом мах болу Ӏедалан контракт йаьккхира Богатов винчу Лагань гӀалахь некъ тобан. Кху шеран гIадужу-баттахь, Пачхьалкхан Думе харжамаш хиллачул тӀаьхьа сихонца ДЭП-08 Богатова Натальяна тIейазйира. Хетарехь, депутатан хӀусамнана йу иза.

  • Пачхьалкхан Думан харжамаш тӀекхочуш Нохчийчоьнан премьер-министро, республикан куьйгалхочун уллерчу накъоста Даудов Мохьмада дӀахьедира 2025-чу шарахь шен даьхних лаьцна. Цуьнан официалан декларацехь йаздина дара, 12 баттахь 10,7 миллион сом даьккхина цо, вуьшта ара-чу ца баккъалун бахам цуьнан долахь бац аьлла.
  • Декларациш зорбане йаьхна ишта карарчу хенахь Оьрсийчоьнан парламентан депутаташа, кхин дIа цигахь биса лууш кандидаташ болчу Саралиев Шамсаила -9 миллион сом, Лечхаджиев Руслана -6,6 миллион, Догаев Ахьмада-6,9 миллион. Кадыров Рамзанан уллорчу гонашкара, думехь депутат волчу Делимханов Адама деклараци Iорайаьккхина йац.
​
XS
SM
MD
LG