ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъонашларъярхочун доьзална тийсина кхерамаш талла деза прокуратуро, аьлла Думин депутата


Делимханов Адам

Пачхьалкхан думин комиссин куьйгалхочун депутатийн этикехула волчу гIовсана Арефьев Николайна (КПРФ фракци) хетарехь, депутата Делимханов Адама ЯнгулбаевгIеран доьзална кхерамаш тийсина аьлла, кхаьчна хаамаш Коьрта прокуратуро талла деза.

"Суна хетарехь, иштта хIуманаш этикехула йолчу комиссино талла ца деза, иза Коьрта прокуратурин Iалашо ю. Иштта кхерамаш - уьш забарш яц. Оцу тайпа халкъана кхераме волу стаг учете а хIоттийна, иза тергалван веза", - аьлла Аревьевс "Интерфаксе".

Де хьалха Делимхановс инстаграмехула эфире а ваьлла Янгулбаев Абубакаран гергарчарна а, иштта шен къамел оьрсийн матте гочдиначарна а уьш бойъур бу аьлла, кхерамаш тийсира.

"Шуна хаийла, дийнахь а, буьйсанна а тхайн синош, бахам, тIаьхье а ца кхоош, оха шу лоьхур ду, шун коьрташ а даьхна, шу хIаллак даллалц. Боккъала а, тхан шуьца мостагIалла а, чIир а ю! Иза хьакхало хIара видео оьрсийн матте гочйиначарах а...", - аьлла Делимхановс.

  • Дечкен беттан 20-хь Чоьхьарчу г1уллакхийн министраллин (МВД) белхалоша Янгулбаевг1еран петар чу а лилхина нуьцкъаха, т1е йовха бедарш а ца йохуьйтуш, бакъонашларъярхочун нана Мусаева Зарема Соьлжа-Г1ала д1ийигира, теше санна хеттарш дан.
  • ТIаьхьо республикан информацин а, зорбанан а министро Дудаев Ахьмада хаамбира, Мусаевана кхело 15 дей-буьйсий тоьхна чохь даккха, полисхочунна тIелатарна а, иза сийсазварна а аьлла. Цул тIаьхьа информаци яьржира, цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх диллина полисхочунна ницкъ дуьхьал баьккхина аьлла, бехке а еш – 24 сахьтехь инсулин доцуш некъ бинчу цомгашчу зудчо ша лацарх протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера аьлла.
  • Инсулинах йоьзначу Мусаева Заремерчу хьолах а, цуьнан кхолламах а лаьцна хууш дац иза лачкъийна йигичхьана. Цунна тIебуьтуш бац адвокаташ а.
  • Дечкен-бутт бовш Янгулбаев Абубакара хаамбира, Нохчийчохь беха шен гергарнаш – 15 стаг гергга- шеца зIене бовлуш бац, йа цIахь гучубовлуш а бац. Цул совнах, ГIуран-баттахь Нохчийчохь лечкъийра – тIаьхьо дIа а хийцира – 40 гергга ЯнгулбаевгIеран гергарнаш.
  • 1АДАТ телеграм-канал а кхоьллина, цуьнан модераторш бу бохуш, бехкебо нохчийн ницкъхоша ЯнгулбаевгIеран вежарий. Хаамбира, де хьалха Янгулбаев ИбрехIимна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх долийна, каналехь посташ хIитторна аьлла.
  • Нохчийчоьнан Iедалхоша флешмоб вовшахтоьхна, цуьнан гурашкахь мехкан кIоштийн бахархоша дIа а язъеш, видеош яржийна, ЯнгулбаевгIаьрга "доллу къоман сий ма дайа" бохуш, кхайкхамаш беш.
  • "Медиазонас" а, The Scanner Project-о а юкъахь бинчу талламца, Немцов Борис верна хан тоьхначу Нохчийчуьрчу бахархошца иза веле масех де хьалха а, иза вуьйчу дийнахь а, вийначул тIаьхьа а зIенехь хиллачу лаккхарчу даржашкахь болчу нохчийн полисхошна юкъахь хиллера Делимханов Адам а.

Коьрта теманаш

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG