ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Буй Малхбалехь нохчийн муджахIидаш?


Палестина - Газа-асанехь 8 дийнахь лаьттинчу тIеман сурт, 14Лах2012
Палестина - Газа-асанехь 8 дийнахь лаьттинчу тIеман сурт, 14Лах2012

Малхбале – дерриг дуьненан лазам бу. ЦIий Iена цигахь. Кху муьрехь дуккха а нехан хазахетарца дIасецна Палестинехь кIиранах бина тIом. ДуьнентΙера политикаш, куьйгалхой орцахбовлар бахьана долуш. Даржийна дуьйцу цхьаццанхьарчу агенталлаша, Малхбалерчу конфликташна юкъа нохчий а гΙерта бохуш. Иза мел бакъ ду?



Лахьан-беттан 14-чу дийнахь Израило тIом болийра Палистинера Газа-асанахь Iедале хIоьттина йолчу Хьамас партина дуьхьал. Тель-Авиво бахьане дуьллуш дара Хьамас партин ницкъаша сих-сиха жуьгтийн ярташна тIе ракеташ етта бохург.

И тIом болабелча дуьйна а гIертара шина агIонан барт бан Мисар-мехкан керла президент Мурси Мухьамад, амма гIуллакх хуьлуш дацара. Шинхьарчийн а бара тIом сацон лаам, ткъа хIораммо а шолгIа агIо бехке йора агрессина. ТIаххьара а Мисаран президенто арадаьккхинарг дирзина маслаIате. Лахьанан беттан 21-чу дийнахь тIом сацийра шинхьарачара а.

8 дийнахь лаьттинчу тIеман жамIаш иштта ду: 160 сов палистинхо велла, 1200 сов лазийна. Израило шайна тIе 1300 хиллал ракеташ йиттина боху Газа-асанерчу бахархоша. Ткъа жуьгтийн эскархойх ца велла 1 стаг бен, 4 вахархо лаза а вина Израилехь ХIамасан ракеташа.

Нохчаша оьрсашна дуьхьал гIазот кхайкхийча дуьйна, тIом бол-болучохь нохчийн тIемалой бу, олий, даржадо хаамийн гIирсаша. Бакъ делахь а, дацахь а, Либнанерчу "Ал-Ватан" олучу газето Лахьан-беттан 19-чохь даржийра, Газа-асане гIазот дихкина болу нохчийн тIемалой бу богIуш, уьш Шемарчу Алаппо-гIала а кхаьчна аьлла.

Iаьрбашлахь къайлах лелачу эскарша Iеха а бина, нохчий, Газа-асане буьгу, аьлла, Шема берзийна, бохуш дуьйцу "Ал-Ватано". Цига кхаьчна нохчийн тIемалой иттанашкахь муххале а бу бохуш, чIагIдо газето.

Оцу газето даржориг шена муха го, дуьйцу Либнанехь Цхьаьнакхеттачу къаьмнийн организацехь болх бечу Рамзан Мухьмада.

Рамзан: " И газета ас а дешна. Тхо долчохь къайлах лелаш болучара и хабар даийтинера соьга. ТIаьхьа а девла, хьовсуш ду тхо, иза бакъ ду я дац а, баьхкина нохчий белахь, цара лоьхург хIун ду а.

Цхьа хIума ала луур дара суна даймахкарчу вежаршка. Я жихIад а, я гIазот а дац хIокхy меттигахь лаьтта хьал. Я Шемахь а, я жуьгтий болучохь дерг а дац гIазот. Делан дуьхьа беш тIом бац. Делан цIе а йохуш, бусулбанаша вовший бойуш бу. ГIенташ лоьхуш леладе хIуманаш ду. ГIазот, шайн доьзалийн, ден-ненан дегнаш Iийжа а ца деш, шайн бахамна тIаьхьадовла, и тайпа жихIад де, эр ду ас шуьга".

Маршо Радио: Мухьмад, кхул хьалха ма даьллера, Либнанан къилбехьа йолчу БикъаIехь нохчийн тIемалой бу, аьлла, цунна тIаьхьакхиирий шу?

Рамзан: "Уьш кху дуьненан массо маьiiера, Iеха беш, балош бу. Дукха ца Iа. Массех баттахь Iама а бой, арабоху. Бу бахар доцург, нохчийн тIемашкахь гина бац суна. ТIаьхьадевлича, арабевлла, элира тхоьга.

Тхо долчуьра ХьизбуллахI-парти цхьанца а, я Жуьгташца а, тIом бан йиш йолуш яц. Либнанехь, чохь дерг, дукха бехделла ду. Сунний а, ШиIий а, керста а вовшашна дуьхьал, даржаш къуьйсуш хьийза. Делан дуьхьа лелаш бац. ХIизбуллахIа, Делан дуьхьа ша лелаш хилча, дIо Газахь болучарна гIодийр дара. Уьш меттах ца хьайра, я хьовр бац. ХIокху меттахь со волу 7-гIа шо ду, цхьаьллиг цхьаъ Делан дуьхьа лелаш воцийла хаьа-кх суна".

Рамзан Мухьмад лаккхарчу даржехь волу 20 шо ду, дукхахйолу хан тIемаш бол-болучохь текхна цо, дукха а зеделларг долуш а ву иза.
XS
SM
MD
LG