Кху шеран Зазадокху баттахь Паьнказан чIожерчу нохчийн кхиазхойн тобанхоша эвларчу автобусан социйлехь тIе ца лаьцначу Ичкерин байракхан сурт диллинера баллонца. Инцидент тергамза ца йисира, цул совнах гуьржийн пачхьалкхан телехьожийлехь а цхьаьна, яздо Кавказ.Реалиино.
Стигалкъекъа-баттахь Iедалхойн "Рустави 2" телеканало 30 минотехь йолу репортаж йира хиллачух лаьцна. Цу чохь чIагIдора, и "провокаци" лерина меттигера бахархой Iадийнера байракхо бохуш.
ЦIечу басарца дIахьулйира полицино байракх. Делахь а , кхиазхоша хьем ца беш, юха а сурт диллира байракхан – украинхойчуьнца цхьаьна. ШолгIачу дийнахь шина а байракхна тIе басар хьаькхинера, полицино хеттарш дира "суртдиллархошка", чубухкур бу бохуш, кхерамаш а туьйсуш.
Цул тIаьхьа кхиазхоша юха а сурт диллира Ичкерин байракхан, цул тIаьхьа а дIайайира иза – Ичкерин байракхна тIехула гуьржийн байракхан сурт гучуделира.
"Нагахь санна, цхьаммо Гуьржийчоьнан байракхна тIе басар хьаькхна, кхиниг йиллинехь, и провокаци яра, - даладо OC Media хьостано жигархочун, журналистан Бордзикашвили Сулханан дешнаш. – Пачхьалкхан байракхна тIехула басар хьакхар априорехь а нийса доцург ду".
Цул тIаьхьа Бордзикашвилис ийцира Ичкерин байракхаш, хазахетарца Панкисин бахархошна дIасайоькъур ю ша: кхиазхойн цIахь байракхаш хилийтархьама, полицица проблемаш церан хуьлуьуйтучул аьлла.
МаслаIат деш, конфликташ ерзочу "16-гIа элемент" инициативан тобанан декъашхочо Пареулидзе Тинатина дIахьедира OС Media ресурсе, "Рустави 2" телехьожийло бахархойн Ичкерин байракхе болу хьежамаш бовзийтар нийса дацара аьлла.
"Ичкерин байракх кистойн маршонца а, доьналлица а йозуш ю, Украинерчу тIамо меттигерчу бахархойн дог-ойла карзахъяьккхина, массарна а дIахаийтина [Паьнказел арахьа], хьаьнгахьа тIемаш беш ю Нохчийчоь, - кхетийна цо. – Суна ца го кхузахь сепаратизман кхерам а, йа цхьа а барт эгIор".
- Оьрсийчохь къобалъязчу Ичкерин символика йихкина йоццушехь, пачхьалкхан кеп-кепарчу регионашкахь бахархошна тIе административан жоьпалла дожадо социалан машанашкахь "Нацистийн атрибутикана йа символикана пропаганда яр, йа экстремистийн организацийн атрибутика йа символила яржор" олий. Масала, 2021-чу шеран ГIадужу-баттахь Ичкерин байракхна тIехула гIуда туьйхира Нефтеюганскера Ильясов Рустамна эзар соьмана.
- Ши бIе сов шераш ду нохчий Паьнказахь беха. Гуьржаша кистинцаш йа кистой олу царех. Дукхахберш дика дIаийна бухарчу бахархойх, хаьа гуьржийн мотт а.
- Стохка Мангал-беттан 24-чохь Гуьржийчоьнан пачхьалкхан кхерамзаллин урхалло лецира Паьнказан чIожера ялх вахархо. Уьш бехкебо террорхойн юкъараллашкахь дакъалацарна. Меттигера бахархой а, бозуш боцу эксперташ а тешна бу, уьш бехке цахиларх.