ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Патриотийн лелар


Оьсрийчоь -- Путин Владимир а, Медведев Дмитрий а Сочехь. Бочаров Ручей, Гезг30, 2015
Оьсрийчоь -- Путин Владимир а, Медведев Дмитрий а Сочехь. Бочаров Ручей, Гезг30, 2015

Масех де хьалха меллаъ эвхьаза лоруш долу спортан духарш а доьхна, тренажерашна тIехь шайн догIмийн таронаш гойтуш йолу фотосесси йинера Оьрсийчоьнан лакхарчу шина куьйгалхочуо, президенто Путин Владимирсий, премьер-министро Медведев Дмитрийсий. Лерина даьхначу сарташна тIехь гуш ву ши хьаькам кхийзалуш а, пхьаьрсашна ницкъ беш а, гайн мускулаш меттах йохуш а. Цул тIаьхьа цу шиммо грил олучу йиллинчу пеша тIехь доттуш ду жижиг, президентан пресс-службано лерина билгалдаьккхина ма-хиллара, меттигерачу, оьрсийн бежнех даьккхина долу.

Амма Путинс а, Медведевс а йоттуш йолу стейкаш Оьрсийчуьра хилар хьахийначу церан гIоьнчаша хьул динера, и жижиган тIокалш дIаяьхчхьана кхин цхьа а хIума цу сарташкахь Оьрсийчохь йина ца хилар. Ткъа президентан пресс-службано хьулдан гIоьртинарг хье ца луш интернет лелорхоша малхадаьккхира. Цара теллира, Путин Владимирна тIера спортан духар уггаре а езчех италхойн Loro Piana цIе йолчу фирмано дина хилар а, цунна тIерачу хечех, мел кIезга а, 90 эзар сом я I200 евро доьхуш, ткъа цуьнца цхьаьна йолчу куртках, мел кIезга а, II5 эзар сом доьхуш хилар а. Шен рогIехь, Медведевн когара кроссовкаш цIарна цIе яханчу Iамеркахойн Найк фирмо йина хилар а, и кроссовкаш, цул совнаха, гIеххьачул сов лекха кIажа болуш хилар а, - оьрсийн премьер масех сантиметр лекхох хетийтархьама, - дийцаре даьккхира блоггерша. Ишшта церан тидамах ца делира, шина куьйгалхочуо дегI меттах дохуш йолу тренажераш Iамеркахойн Hoist фирмано йина хилар а.

Фотосессина кIирбелла анализ йина болу блоггерш кхаьрдаш бу, Бурятехь сийна цIе яьлла йогуш хьаннаш а йолуш, Путиний, Медведевий цIе а латийна, жижиг доттуш хиларх а, спорт йинчул тIаьхьа, догIуш ма-хиллара, мел кIезга а сохьтехь собар а ца деш, цара хIума яарх а. Амма уггаре интернетлелорхошна ца тайнарг, мискачу бахархошка ца кхочуьйтуш, санкцешна кIел дахана долу Малхбузера сурсаташ дагон омра делла волу ши стаг шаьшшина Малхбузера духарш а, кхин долу диканаш а комаьрша магош хилар ду. Нахе хи мала а олуш, шайна чагIар муьйлуш болу кицанера молланаш санна Оьрсийчоьнан куьйгалхой лелар амма цхьаццаболчу тергамхошна хетарехь, царех могIарерчу нехан чамбаларна метта, мелхо а, цу шиннан рейтинг лакхаяккха лерина ю. Ткъа муха хила йиш ю сел гуш лаьтташехь шалхалла лелочу шина куьйгалхочуьн рейтингаш цу кепара лакхайовлар бохучух лаьцна дуьйцуш политолога Асхабов Хьамзата элира Маршо радионе, и хIума оьрсийн къоман амалца а, цу махкахь эланийн заманахь дуьйна кхолладеллачу Iадаташца а доьзна ду аьлла.

Асхабов Хьамзат: „Цу фотосессин коьрта маьIна, месседж а массарна а дIагайта лаар ду, Малхбузено вайна дуьхьал санкцеш яьхнехь а, вай къарлур дац, вай меца а дац, вай хьога а дац, вай могуш а ду, кечделла а ду бохург. Кхузахь, Малхбузехь, шайн куьйгалло и саннарг лелийча, бахархоша кхин реакци йийр яра. Иза кхузарчу политикан системица доьзна ду, бакъйолчу конкуренцин бух тIехь кхоьллинчу партеша халкъ а кхечу Iамор Iамийна. Ткъа Оьрсийчохь кхин политикан гIиллакхаш лела. И хIума оьрсаша иштта кхетадеш а ду. Цара шайн президент а, муьлха а куьйгалхо а эла санна тIеоьцу. Куьйгалхо ша эла волуш санна лелар а царна нийса хета, цунах паччахь а олуш, иза паччахь санна тIеоьцу цара, цунна хIуъу хIума а магадеш. Иштта Нохчийчохь а и паччахь боху дош юккъе а даьккхина, нохчийн къомалахь а и амал яржон гIерташ а бу уьш“.

И шалхоне лелал Оьрсийчоьнан шина лакхарчу куьйгалхочуо гайтина ца Iа. Иштта дара масех кIира хьалха зуда ялийначу Путин Владимиран пресс-секретар волчу патриоталлин къамелашца гIарваьллачу Песковн Дмитрийс шена хIусамненаца сакъера цхьанхьа Сибреха а ца воьдуш, Италерчу Сардине вахар а, цигара шайн сарташ инстаграммехула даржор а.

Ткъа кху деношкахь цу кепарчу шалхаллийн масала гайтира вевзаш волчу оьрсийн иллиалархочуо Кобзон Иосифа, муьлха а Iедал куьйгалле дагIахь а, цу Iедална гергахь сецаш волчу. Евробертан санкцийн могIаршна юккъехь волчу цуо, Оьрсийчоьнан лакхарчу Iедалера орца а дехна, шена Европе дарба дан ваха шенгенан виза яьккхина. Виза кара кхаьчначул тIаьхьа Донбассе концертаца ваханчу цуо шен ладогIархошка доккха къамел дира, вайна бен а дац Малхбузено вайна дуьхьал мел санкцеш яхарх а, вайн мохк уггаре нуьцкъала а, уггаре а гIолехь а бу, бохуш.

Ткъа гулбеллачарех цхьаммо а ца хаьттира Кобзоне, вайн мохк сел дика болшехь, хьо Европе хIунда воьду дарба лаха аьлла.

XS
SM
MD
LG