ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Iамерка: Къилбаседа Корей хьокъехь «стратегин сатохаран хан» чекхяьлла


Къилба Корей -- Iамеркан вице-президент Пенс Майк шина Корейна юкъахь йолчу герзах маьрша йолчу зонана гергахь йолчу Iамеркан тIеман базехь. Охан.17.2017
Къилба Корей -- Iамеркан вице-президент Пенс Майк шина Корейна юкъахь йолчу герзах маьрша йолчу зонана гергахь йолчу Iамеркан тIеман базехь. Охан.17.2017

Къилбаседа Корей хьокъехь «стратегин сатохаран хан» чекхяьлла, аьлла дIахьедина Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн вице-президенто Пенс Майка. Сеулехь визит дIахьош, цо хаам бина, Къилбаседа Корейна дуьхьал муьлхха а гIулчаш яха мегаш ю шаьш аьлла.

Пенс дийцарш дIадаьхьна Къилба Корейн президентаца. Iамеркан вице-президент иштта хилла шина Корейна юкъахь йолчу герзах маьрша йолчу зонана гергахь йолчу Iамеркан тIеман базехь.

Пенс визитаца кхаьчна Къилба Корей Охан-беттан 16-чу дийнахь, къилбаседакорейхой аьтто а ца хуьлуш баллистикан ракета хеца гIоьртинчул тIаьхьа масйитта сахьт даьлча.

Хьалхо хаам баьржинера, Пхеньян рогIера зарратан герз зер дIадахьа дагахь ю аьлла. Дуьненаюкъарчу санкцеша дихкина Къилбаседа Корейна зарратан герз дар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG