ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пентагон: афганхой байъарна бехкеболчарна кхел йийр яц


Рактеа тоьхна йохийна машен. 30 Товб. 2021
Рактеа тоьхна йохийна машен. 30 Товб. 2021

Кабулехь, 10 афганхо а вуьйш, хIаваан тохар дарна декъа болу америкахойн эскархошна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх долор дац, аьлла дIакхайкхийна оршотан дийнахь Пентагонан векало, хаам бо Радио Свобода зорбан гIирсо. И сацам бина Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн тIеман министро Остин Ллойда, бозуш боцчу талламхоша кхушара Товбеца-беттан 29-хь хилларг къастийначул тIаьхьа. Оцу дийнахь америкахойн тIехь пилот воцчу кемано ракета тухуш, гIалат а даьлла, террорхо ву моьттуш, вийра 37 шо долу Американ гуманитаран вовшахтохараллан белхахо Ахмади Земари а, цунна уллехь хилла 9 стаг а, шайна юкъахь 7 бер а долуш.

Пентагона хIетахь дIакхайкхийра, хIаваан тохар а дина, юкъахдаьккхина кечедш хилла терроран тIелатар аьлла. Цулла ши де хьалха, теракт а йина, Кабулерчу аэропортана уллехь вийнера 13 америкахойн эскархо, талибаш дIалаьцначу Кабулера маьрша бахархой кIелхьарбохуш дакъалоцугш хилла волу.

ТIаьхьо, New York Times газето оцу тохарехь байъинарш маьрша бахархой хиларх лаьцна яздинчул тIаьхьа, Пентагон къера хилира шаьш гIалат дина хиларна.

Пентагонан векало дийцарехь, хIаваан таламо харц жамI дина хиллера ша бинчу белхан. Ахмади Земари террорист ву моьттинера, пикап машенчу хIоъ-молха дуьллуш волу, ткъа иза бахархошна дIасакхоьхьуш хиллера хи а, гуманитаран сурсаташ а.

Пентагонан репортехь дуьйцуш ду, америкахойн эскархоша цхьамогIа гIалаташ далийтинера талламан информацина жамI деш. Иштта тохар дан кечлуш царна ца гинера уллехь лаьтташ долу бераш. Цуьнца цхьаьна эскархойн леларехь билгалонаш яц цара тIеман зулам дина хиларан, аьлла хета репортан авторшна.

Ахмади Земари болх беш хиллачу гуманитаран вовшахтохараллан куьйгалхочо Квон Стивена ша цецваьлла хилар хайитина, тIеман министро оцу тайпа сацам барна: "Муха дан делла иза, вайн эскархоша 10 афганхо вийна, ткъа цхьа а жопе озийна вац иза дарна?"

ГIадужу-баттахь дIакхайкхийра, кхелхинчу нехан доьзалшна компенсаци а лур ю, церан Афганистанера дIабаха аьтто а бийр бу аьлла а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG