Цхьаьнатоьхначу Штаташа Шайрат аэропортана динчу тохаро хIаллакдина я зедина 20 процентан шемарчу кеманашна. Цунах хаамбира оршот дийнахь Пентагонан куьйгалхочо Мэттис Джеймсо.
Цул сов ягориг а, аммуницеш а Iалашъен меттигаш а, хIаваан дуьхьало ен системаш а хIаллакйина тохарехь, чIагIдо Пентагонан куьйгалхочо. Тохар бахьанехь Iедалан аьтто бац ягоригца кеманаш хьаладуза а, аммуници тIейилла а, хаамбо Iамеркан тIеман министро.
Оьрсийчоьнан хьостийн даре дарца, Шайрат аэропортехь хIаллакдина 6 Шеман Миг-23 кема. Шеман Iедалан мукIарло дарца, цигахь кхелхина 10 Шеман эскархо а, 9 маьрша вахархо а.
Трампа чIагIдарехь, Iамерко юха а Шемана тохар дийр ду, нагахь санна цигарчу Iедало химин дIовшах пайдаэцахь.