ТIекхочийла долу линкаш

Махкахой чаккхе йоцуш белхешка кхийлар халонга дуьйлу бахархошна


Украина, ГIирма - Маяк пляжера субботник, Товбецан-бетт 09, 2016-гIа шо.

Муьлхха а кехат-тептар бакъдеш,чIагIдеш тIетухучу мугIарх тера, Нохчийчохь кхехкачу дахаран билгало гойту шатайпа мухIар лара догIу, схьагарехь, кху тIаьхьарчу 12-13 шерашкахь махкахь хаддаза,гуш чаккхе йоцуш вовшахдетташ долу субботникаш олу белхеш. Десто хьашто а йоцуш,церан,эзарнаш бахархойн гIоьнца, бIеннаш тоннашкахь тIе а гульеш,нехех,кхаьллех дIацIанйина,тIамо хьакълагIашка ерзийна,херцаршлахь Iиллина Соьлжа-гIала. ХIетахь дуьйна а маьхькIамхоша сацош дац бахархошка маьхаза къахьегийтар. Цу хьокъехь Iорадохурш шалхонех,кхалхонех доьттина къамелаш ду,адам шен лаамехь, арадолуш ду белхешка бохуш. Iедалан балхахь болчаьрга дайта а ца дойтуш хIума дан а дац,некъаш,урамаш цIандар тIера, сир-кир дайтар,синтарш догIийтар биста кхаччалц. БIаьстенан хьалхарчу, зазанан баттахь болийна рогIера мехкан белхий карарчу хенахь а хIора дийнахь дIахьуш бу. Шеца шиъ белхо а йолуш,Новр кIоштера шен чоьтах машенахь Соьлжа гIала субботнике воьдуш сацийна ас Iедалан балхахь юккъерчу тIегIан гIуллакхъхо ,юьззина цIе яккха йиш йоцу Iела. Белхой а балош схьавола аьлла зIе тоьхна ши сахьт далале, 100 чакхарма некъ а гезбина, хIуъу а хилла латтахь а, ша дIакхача везаш ву гIала боху Iелас.

Iела: “Лоьрашна дIабелла дIо-о лула эвлан дозане кхаччалц болу федералан боккха некъ. Тхан хьукхмат Соьлжа-гIалахь ю. Сайга телпо тохарций сайн ши белхо юххе а яьккхина со гIала дIакхача везаш ву-кх ши сахьт далале. Ца кхачий а хьаж-кх. Тхайн болх саца а бина, вуьшта аьлча,молханаш дохкар саца а дина,дIадаха-м деза…”

Бертаза, ца лаахь а лууш санна,хIора а дийнахь некъ-аренаш куьце яло арабоху хьехархой, лоьраш,кхиболу белхой цецбуьйлург ду, цхьа ши де бен юкъа ца дулуш,некъан йистош цIаньян арадевлча юха а,чIурам тIоьрмигаш дуьззина схьалахьо некъ маббу нехаш хилар. Соьлжа гIалин йистехь,Малбузехьа Iуьллуш ю МIамкхин юрт. Цу юьртахула чекх а баьлла,регIа дукъ а хадош, Кень юрт,халкъалахь Галне олучу эвлахула Теркйисте боьду некъ шаьш цIанбеш бу боху хьехархочо Меднас. Цунна хетарехь машенашкахь лелачеран оьздангаллин мах хадош хIума ду,схьалехьош гуш лаьтташехь юх-юха а нехаш охьакхиссар. Кху тIаьхьарчу хенахь шайн мукъа хан а ян а яц бохуш къамел дийриг ю МIамкхин юьртара хьехархо Медана.

Медана: “Тхо мукъа дуьтуш дан а дац. ЦIано ян гIала а тхо дуьгу. Юьртахь дийриг доцуш, дуьнентIе мел долчу некъан йистош а тхох тешийна ю. Шовзткъа шарахь сов чохь хи доцуш тесна лаьттина канал а тхойга цIандайти,делла дIакхиссина жIаьлеш,цицигаш лехьий цу чуьра кхидерг-м дийца а ма дийцахь. Хьехархойн а,лоьрийн болх бу оццул боьхалллаш кегор? ЦIена бала бу тхойгахь баллош берг. Тхо-м ца дуьйлу тхайн лакамехь субботникашка ара. Устазора ца дуьйлу-кх. Ницкъала дохуш ду-кх! Ишколера болх боцуш цIахь,кертахь дан хIума доцуш хир вуй стаг? БIаьстенан юьххьехь къаьсттина дукха ма ду белхаш. Тхайн керта хьовза-м ца дуьту тхо. Нахана тIаьхьара и нехаш,кхаьллеш лехьийча а довлуш делара. Тхуна тIе а ца дожош дисина хIун ду. Дог делахь а, дацахь а оцу синкъерамашка, ловзаршка кхийлар-м тоьур ду…”

Хаддаза махкахь дIахьучу белхий олучу маьхаза къахьегийтарца доьзна тайп-тайпана забарш а кхоллаелла хьехархойн а,лоьрийн а го-юкъараллехь. Царех ю хIара а. Цхьаболчара ишта Iоттар еш хьовзабо хьехархой. “Шу-м къа дацара,шу-м хьоладай дара,6-7 чакхарма беха шайн долахь некъ а болуш,шаьш доцуш кхечара цу йистера шиша я чIурам тIоьрмиг хьабийча, дегабаам а беш.”

XS
SM
MD
LG