ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Перман университетехь герз диттина, вийна лаххара а 8 стаг


Оьрсийчохь Перман пачхьалкхан университетехь герз диттина вевзаш воцчу стага, хаам бо Свобода Радионо. Талламан комитетан официлан болчу хаамца, вийна 8 стаг, 10 сов стаг чевнаш йина ву.

Iуьйранна 10 сахьт даьлча тIеман духар доьхначу маса-тоьпаца хиллачу стага герз диттина кампусехь, цул тIаьхьа иза чувахна университетан бархIолгIачу корпусана.

Телеграм-каналашкахь видео яржийна, цу тIехь гуш ду кIелхьардовла гIерташ оцу гIишлонан корашкахула аралелхаш долу адамаш.

Социалан машанашкахь кхайкхамаш бу беш, университетехь болчу нахе, чохь дIаловчкъа, ара а ца гIерташ, бохуш.

ТIаьхьо МВД-н зорбан-центро хаам бира, Перман уиниверситетехь герз диттина стаг, дIалаьцна аьлла.

И хаам тIечIагIбира Талламан комитето. ТIелатар дарна шеко йолуш лаьцна стаг мила ву хиъна, иза студент ву. Ша дIалоцуш духьало ярна иза лазийна, билгалдаьккхина Талламан комитето.

"112" телеграм-канала яздо, тIелатар динарг вийна, бохуш. Baza телеграм-канала хаам бо, иза чов хиллачул тIаьхьа велла, бохуш. ТIаьхьо и стаг велла хилар тIечIагIдина Iедалша а.

Перман мехкан губернатора Махонин Дмитрийс дIахьедина, вийна хилар "тIелатардинчерах цхьаъ". Цо дийцарехь, таллам беш бу цуьнца хила мегачу нехан хьокъехь.

59.ru зорбан гIирсана ВКонтакте хаам карийна, хетарехь, тIелатар динчу стага битина болу. Цуьнца а догIуш, оцу стеган цIе ю Бекмансуров Тимур, цуьнан 18 шо ду, тIелатар дан цо еххачу хенахь кечам бина хилла. Цо дуьйцу, герз оьцуш ша чекхваьллачу процедурех лаьцна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG