ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песков: Путинан Iедал дац шен сахьташна тIехь терахь нисдеш


Песков Дмитрий
Песков Дмитрий

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран Iедал дац шен сахьташна тIехь терахь нисдеш. Иштта кхетийна президентан зорбан-секретара Песков Дмитрийс Гезгмашин-беттан 17-хь протоколан видео йоккхуш президентан сахьт 7 денна тIаьхьа дисна терахь гойтуш хилар, хаам бо "Подъем" зорбан гIирсо.

Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран сахьт 10-гIа де гойтуш ду видеошна а, суьрташна а тIехь, чIагIдерехь, цо Пачхьалкхан думан харжамашкахь кхаж тосучу хенахь. Цунна тIе тидам бахна "Настоящее время" телеканалан.

Пачхьалкхан думе харжамашкахь кхажтасаран 1-чу дийнахь Гезгмашин-беттан 17-хь Кремло яржийначу видеона тIехь Путина боху, ша дистанцин кепехь кхажтесна, шена гонах болчу нахана юкъахь коронавирусан ун даьлла меттигаш хиларна изоляцехь ша хиларна.

Журналисташа билгалдоккху, онлайн а, хенал хьалха а кхажтаса харжамашкахь бакъо цахилар, ткъа Гезгмашин-беттан 10-хь Путин карантинехь а ца хилла.

Кремлан зорбан-сервисо 17-хь яржийначу кхечу видеошна а, суьрташна а тIехь а гуш ду Путинан сахьто 10-гIа де гойтуш хилар. Ша аьлча, дуьйцург ду ШОС (Шанхайн накъосталлан вовшахкхетаралла) вовшахкхетараллан лидерийн онлайн-кхеташо дIайоьдуш даьккхина сурт. И кхеташо хиллера билггал Гезгмашин-беттан 17-хь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG