ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Песков: Путинна санкцеш кхайкхор юкъаметтигаш хедоран мах болуш ду    


Песков Дмитрий
Песков Дмитрий

Кремлан зорбан-секретара "дозанал тIех гIуллакх" ду аьлла, Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна дуьхьал яха мегаш йолу санкцеш.

Песковс, дийцарехь цу тайпа гIуллакх юкъаметташ хедорца дуста мегарш долуш ду.

Американ Цхьанатоьхначу Штатийн Сенатехь йовзийтина йолу демократаш кхечйина керлачу санкцех лаьцна низаман проект гучуяларна Песковс мах хадийра "вуно вочу агIор", къаьсттина дIадаханчу кIиранах Оьрсийчоьнна а, Малхбузен пачхьалкхашна а юкъахь дийцарш хиллачу фонехь. Цуьнца цхьана шаьш дагадовлар "аьтто боцуш" яра элира Путинан зорбан-секретара.

Документ кечдина сенаторийн тобано, шайн коьртехь дуьненаюкъарчу гIуллакхашкахула комитетан куьйгалхо Менендес Роберт а волуш.

"Оцу низаман проекто дукха дика кхетуьйтуш ду, Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Сенат куьйгаш охьадехкина хиъна Iийра цахилар, Кремло шолгIа а тIамца Укранина дуьхьал кхерамаш туьйсуш а болуш", - дIахьедина Менендеса.

Нагахь Оьрсийчоьно агресси йина хIума хилахь Украинина дуьхьал, сенатошна хетарехь, дехака деза Путинна Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташка вар, болхбечура совцо цуьнан Америкехь йолу активаш. Цу кеппара дехкарш юкъадохур ду премьер-министрана а, арахьарчу гIуллакхийн министрана а, тIеман министрана а, ткъа иштта тIом болорна Вашингтонна бехке бу аьлла хетачу кхечу Оьрсийчоьнан Iедалхошна а. Санкцеш юкъаяха еза аьлла хета низаман проектан авторшна Оьрсийчоьнан президентан гергарчарна а, цуьнан уллерчу бизнесхошна а.

Документехь яздина ду Оьрсийчоь Украинина тIелетта 30 де далале Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн президентан дезар ду Оьрсийчоьнан уггар йоккхах йолчу кхаа банкана дуьхьал санкцеш юкъаяха.

Оцу дехкаршна юкъадогIуш хир ду Оьрсийчоьнан пачхьалкхан арахьара декхар а, ткъа иштта "Северный поток-2" газан биргIа а.

Низаман проектехь аьлла ду, нагахь Оьрсийчоьно агресси яхь Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн дезар ду Украинина тIеман гIо дар алсамдаккха аьлла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG