Нохчийчоь юкъахь йолчу Оьрсийчоьнан арахьарчу политикан коьрта хаттарш билгалдохург мехкан президент ву. Цунах лаьцна дIахьедина Кремлан векло Песков Дмитрийс, Украина ша Оьрсийчоьнах дIатухур яра аьлла, Нохчийн республикан куьйгалхочо Кадыров Рамзана динчу дIахьедарна комментари еш, хаам бо РИА "Новости" агенталло.
Песковс билгалдаьккхира Кадыровн бакъо хилар Оьрсийчоьнан кхечу гражданийн санна шен кандидатура рогIерчу президентан харжамашкахь дакъалаца хьалхататта.
"Амма, вьшта, суна дагадаийта лаьа Оьрсийчоьнан Федерацин арахьарчу политикан лардаш билгалдохург Оьрсийчоьнан пачхьалкхан куьйгалхо хилар, ткъа вайн массеран а ирс хиларна, субъект санна Нохчийчоь а юкъайогIучу Оьрсийчоьнан пачхьалкхан куьйгалхо ву Путин Владимир Владимирович", - дагадаийтина Оьрсийчоьнан президентан зорбан-секретара.
Дечкен-беттан 24-хь Кадыровс дIахьедира Оьрсийчоьнан презиндентан метта ша валахьара, ша "дукха хенахь дуьйна схьаяьккхина хир яра Украина, эскарш а дахийтина цига, къепе хIоттор яра" аьлла. Цунна хетарехь, Украина ю Американ Цхьаьнатоьхначу Штатийн Iуналлан кIеллахь.