ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петарбухарчу эккхийтарехь 10 стаг велла, 37 лазийна


Метро чохь динчу эккхийтарехь лазийна 43 стаг кхачийна Петарбухахь дарбан цIийнашка, хаамбо гIалин губернаторан пресс-гIоьнчалло.

Мединицинан орцанхойн 41 тоба яра, церан урхалло бахарехь, метрон «Сенная майда», «Технологийн институт» станцешна гергахь.

15 стаг Джанелидзе цIарахчу Iилман-талламан институтехь ву, 12 - №16 дарбан цIийнехь, 6 - №26 дарбан цIийнехь, 9 – ТIеман-медицинан Кировн цIарахчу академехь. №19 дарбан цIийне кхачийна 1 бер, боху хаамехь.

Оршоьтадийнахь 14.30 хан яьлча Петарбухарчу метрон «Сенная майда», «Технологийн институт-2» станцешна юккъехь дина эккхийтар. Оьрсийчоьнан могашаллин министро Скворцова Вероникас далийначу терахьашца, 10 стаг велла, 37 лазийна.

Дан тарлуш хилла кхин а цхьа эккхийтар юхадаьккхина, метрон «ГIаттаман майда» станцехь. Цигахь эккхале гучуяьлла бомба, хаамбина Iедало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG