ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Петербургерчу хьешан цIийнехь вовшахлетта таджикаш а, нохчий а


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Петербургерчу Невскан кIоштарчу отеле бисинчу клиенташна юкъахь даьлла дов латаре дирзина, полисхой кхайкхина, къестаршка даьлла хилла, яздо "Фонтанкас". Полицин декъе кхачийна девна юкъахь боцурш а, масех иттаннашкахь хьешан цIийнехь дIатарбелларш а цхьаьна.

"Журналистийн талламийн Агенталлана" тахана, Товбеца-беттан 29-чохь гучудаларца, де хьалха полисхойн декъе хаам кхаьчна хиллера, Большевикийн проспектерчу отель хьалха нах бу леташ аьлла.

Хьалхо йовзийтинчу информацица, деа доцчу хIуманна тIехула хьешан цIийнан иттех клиентна юкъахь конфликт иккхинера: Нохчийчуьрчу ялх вахархочунна а, Таджикистанерчу веанна а.24 шо долу нохчо Мариинскан дарбан хIусаме кхачийна. Кхин цхьаъ Джанелидзен цIарахчу лазартне вигинера. Инцидент хиллачул тIаьхьа летарш юкъахь хилла ву аьлла, дIалаьцна исс стаг.

Иштта, дIабигина хилла полицин декъе билгалъяьккхинчу отелера Узбекистанера а, Таджикистанера а баьхкинарш а.

"Фонтанкан" информацица, уьш пачхьалкхехь баха бакъо йолуш хиллий а, дов даларан бахьанаш а талла Iалашонца бигина уьш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG