ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Пхеа сахьтехь цIий дIаихна цуьнан". Шайн зуда хIаллакъяр таллийта хьийза гергарнаш

Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIуран-беттан 29-чохь ялийра ГIалгIайчуьра яхархо Аушева Мадина Назранерчу бераш дуьненчу дохучу центре. Кхо сахьт даьлча кIант вира цо, ткъа шолгIачу дийнахь коме яхара, ши бутт гергга бу иза метта ца йогIу. Цунна кхачам боллуш лоьраша гIо кхачийна дац аьлла хета Аушеван гергарчарна, центран лоьраша и тIе ца дуьту.

Ша паргIат яьллачул тIаьхьа Мадинас телефон тоьхна хиллера шен цIийндега, ша а, бер а дика ду аьлла, дагалоьцу Аушеван йишас Бекова ПетIамата. Шиъ дала ткъа минот йолуш кхечу йишига, Розе а, телефон тоьхнера Мадинас, цуьнга хаийтинера цIий дIаэха доьлла шен аьлла. Оцу сохьта центре кхаьчнера йиша.

Цо хаьттира тхоьга, коьрта хIун ду шуна: зуда йа беран цIа?

"Со схьакхаьчча, - дуьйцу Розас, - соьга элира, Хулагова Лиана ю бер схьаэцнарг, иза схьаяллалц собар де. Дукха Iийра со лахахь, суна тIе цхьа а ца веара. ТIаккха юха а йистхилира со цаьрга, цара лакха хьала телефон туьйхира, коьртачу лоьро Халухаева Людмилас жоп делира. ДIаоьху цIий саца ца луш хьийзаш ду шаьш, элира цо. Цо хаьттира тхоьга, коьрта хIун ду шуна: зуда йа беран цIа?"

Розас Мадине телефон тоьхнера, цо а аьллера цIий соцуш дац, лоьраша цуьнга "гIуллакх ца хуьлу" а аьлла, этIо дIайигинера иза.

"ЧIогIа кхераелла аз дара цуьнан, - кхин дIа дуьйцу Розас. - ТIаьхьо хаам бира тхоьга, беран цIа дIадоккхуш, операци йина девлла шаьш, амма йиша вочу хьолехь ю аьлла. Цул тIаьхьа дуьйна комехь ю иза, тхуна билггал цигахь хиллачух хууш а дац".

Мадинин вукху йишига Бекова ПетIамате дийцинера лоьраша, кхаа секундана дог сецнера цуьнан, цо кислородан мацалле балийна цуьнан хье, цул тIаьхьа - коме йоккхуш аьлла. Амма ПетIамат оцу версех ца теша.

"Суна хетарехь, кхачо йоллуш шайн декхарш кхочуш ца дина оцу буса балхахь хиллачу лоьраша, цундела сан йишин могушаллина доккха зен дина. Ас къамел дира оцу буса балхахь хиллачаьрца, цара дийцира соьга, лоьро ледарло йира, йишин пхеа сохьтехь цIий дIаихира аьлла", - дуьйцу Бековас.

Цо бахарехь, оцу заманчохь лоьро Мадинин ян еза терго ца йина. Лор эххар а схьакхаьчначул тIаьхьа, Мадинин цIийн таIам чIогIа лахара хиллера, хIетте а наркоз а елла, беран цIа дIадаьккхинера цуьнан. Наркозо кхин а лахбина цIийн таIам, тIаккха дог сецна цуьнан.

Цхьаьна ца догIу тоьшаллаш

"Сан йиша комехь йолчу хеначохь со Iиттаелла лоьрийн биэндацарца, аьшпашца, лоьрийн тоьшалла кеп-кепара хиларца а, - охьадагардо Бекова ПетIамата. – Цул совнах, со тешна ю, цуьнан медицинан карта цара хийцина аьлла. Цундела оцу тIехь цара лелийначух дерриг а хир дац. Мадина коме йоьжча, лоьраш бехказабуьйлура, оцу буса хиллачух тоьшаллаш бIостане дара церан. Ткъа хIинца массара а юьйцург цхьа верси ю".

ПетIаматан дешнашца, дуьйцург цхьана цадарах хьалхарниг - Хулагова Лианас боху, сан йишас цхьайтта дала 15 минот йолуш кIант вира, ткъа Аушева Мадинас телефон тоьхна хилла майрчуьнга а, йишина а цхьайттолгIачух йиъ минот яьлча а, барх1 минот яьлча а, ша кIант вар хоуьйтуш. Телефонерчу журнала тIехь зIе хиллачу хено а тоьшалла до.

"Сан йиша комехь йолчу оцу хеначохь со Iиттаелла лоьрийн биэндацарца, аьшпашца, лоьрийн тоьшалла кеп-кепара хиларца 

Бековас шеггара таллам бина, цо чIагIдо, акушеркин дешнашна тIетевжина, шен йишин шортта цIий дIаихна хилар. Цунна хетарехь, беран цIа чу гам хьекхна цара. Ткъа лоьраша и хIума шаьш дина бохург тIе ца дуьту. Бер дан дIайигначу заманчохь цIийн таIам а дика бара, ша а дика яра иза, амма лоьраша чIагIдо, Аушева шайн каракхаьчча цуьнан цIийн таIам 140/90 бара бохуш, дуьйцу Бековас.

Доьзалхочух йолчу заманчохь Аушева Мадина тергонехь латтийначу лоьре Доскиева Лайлаэ хаьттира Кавказ.Реалиин корреспонденто. Лоьро жоп ца даийтира. Бекова ПетIамата хаамбира, шеца къамел динчу хенахь лоьро тIечIагIдира, берах йолчу хенахь иза дика яра аьлла.

Редакцига ауди яийтина Бековас, цу тIехь Халухаева Людмила (перинаталан центран коьрта лор) ю бохучу зудчо боху, Аушеван 3-чу бараман кома ю, литр цIий дIадахна, ткъа невропатологаша язйина 1-чу бараман кома. Масех минот яьллачул тIаьхьа аудио тIехь хеза, кабинет чу кхин а цхьа лор вогIуш, лор-реаниматолог ву олий, вовзуьйту иза чохь болчара. Цо дIахьедо, Бекова ПетIамате, цуьнан йиша "предкома" олучу хьолехь ю.

Оцу юкъанна, Москварчу Бурденкон цIарахчу Институтан лоьро-реаниматолога динчу жамIашца, Аушева Мадина 2-чу бараман комехь ю, 29000 миллилитр цIий дIадахна.

Кхин а дуьйцург цхьаьнацадар: перинаталан центран лоьраша хаамбинера Бекова ПетIамате, цуьнан йишин дог кхаа секундана бен сецна дацара, ткъа лоьро-реаниматолога боху, кхаа минотехь гергга сецна лаьттина дог.

"Бер динчу зудчун хIоттар ду"

Могуш бер дира оцу буса Аушева Мадинас, иза ша а дика яра юьхьанца. Амма 15 минот яьллачул тIаьхьа гIийла дIаэха доладелира цIий, хаамбира Кавказ.Реалиига, шен цIе ца яккхар дехначу перинаталан центран белхахочо.

"Хулагова Лианас куьйга теллира беран цIа, амма цунах гIуллакх ца хилира. Акушеркас бахарехь, цо масийттазза Мадинина тIейихира иза. Лоьро деш хIума а дацара, жим-жима дIаоьхуш цIий а дара. ЦIий - хи ма дац, стеган дахар ма ду дIадоьдург. ТIаьхь-тIаьхьа вон хуьлура Мадинина. Буьйса юккъе яхначу хенахь схьакхечира Халухаева Людмила, цо беран цIа чу гам хьийкхира", - боху центран белхахочо.

"Оцу сарахь цIийх дуьзна, хIоьттинчу дегIана наркоз еллера анестезиолога: букъах анестези йинера

Беран цIа цIандинчул тIаьхьа Аушеван цIийн таIам охьабоьжнера, амма лоьро "бер дина зуда кIадъелла хуьлу" аьлла, мах хадийнера суьртан, кхин дIа дуьйцу къамел дечо. Амма цIий соцуш дацара, тIаккха сацам бира беран цIа дIадаккха.

"Оцу сарахь цIийх дуьзна, хIоьттинчу дегIана наркоз еллера анестезиолога: букъах анестези йинера, цо сихха охьабаьккхира цIийн таIам, тIаккха дог сецира цуьнан. Кхаа секундана дацара иза, цара ма-бохху, дикка дахделира", - дуьйцу лоьро.

Кавказ.Реалиин корреспонденто хаьттира, цу буса балхахь хиллачу лоьре Хулагова Лиане. Хиллачух лаьцна комментарий яла реза ца хилира иза, лоьран къайле ю аьлла, амма хаамбира, хилларг - "медицинан юхахьада̃лар" ду аьлла.

"Иштта хIума хир дац цхьанца а олийла дац, - дийцина Хулаговас. - Лоьрийн гIо а кхачийнера дархочунна лакхарчу тIегIанехь, амма иза ца тоьна оцу хьолехь. Компетенте йолчу, йозуш йоцчу органаша беш таллам бу, цул тIаьхьа мах хадо таро хир ю, мича бахьанаша хилийтина хIара тайпаниг хаа".

Вукху, оцу буса центрехь ха деш хиллачу медицинан белхахойн тобано жоп ца даийтира, хьолах лаьцна дахьийтинчу хаттарна.

"Доллу шен дахарехь иштта Iуьллур ю Мадина"

Прокуратуре дIахьедина Бекова ПетIамата. Кхачам боллуш, эвсара гIуллакх таллар тIедожийна цо, бераш дечу хIусамчуьра видеокамераша дIаяздинарг бакъоларъяран органашка таллар а цхьана. Керла шо тIекхачале Бекова ПетIамате телефон тоьхнера центран коьртачу лоьро, бераш дечу хIусамчуьра видеога хьажа йола аьлла. Бекова реза хилира, амма, видеон копи шега лур елахь. Лоьро дуьхьало йира.

"Дийнна бутт дIабаьлла. Оцу хеначохь дийнна фильмана монтаж йойла ду, цундела экспертиза яйта копи ехнера ас. Сан тIедиллар бахьанехь реза ца хилира суна видео гайта", - боху йишас.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочуьнга видеокхайкхам бина цо, и гIуллакх талла а таллий, бехкенаш жоьпе озор доьхуш.

ХIокху цхьана баттахь а, эхабаттахь а цомгашчун гергарнаш масийттазза бевлира могушалла Iалашъяран министралле, амма цигахь, йижарша бахарехь, кхарна жоп луш стаг вац.

"Со цига яхча - министр а, цуьнан гIовсаш а чохь бац олу. Министран гIовсе Кациева Лемке а тоьхнера ас телефон, суна блок хIоттийна цо. Сан йиша комехь ю. Бехкечарна таIзар дан лаьа суна, ткъа йишина реабилитаци ян мах охьабилла", - латкъамабо ПетIамата.

"Тхоьга олу: "Стенна дина цо оццул дукха бераш"

Могушалла Iалашъяран министран гIовсе Кациева Лемке а, перинаталан центран коьртачу лоьран гIовсе Тангиева Макке а, анестезиологе Теркакиева Сюзанне а, акушерке Комиссарова Валентине а телефон туьйхира Кавказ.Реалиин корреспонденто - царех цхьаммо а жоп ца делира хиллачух лаьцна дийца аьлла, динчу дехарна.

Аушева Мадина цIа яре хьоьжуш ду цуьнан 6 бер, воккхахаволчун 13 шо ду, жимачун ши бутт а бац. Берашна нана хилла схьайогIуш ю оцу хеначохь ПетIамат.

"Лоьраша боху, Мадина доллу шен дахарехь иштта Iуьллур йолуш ю, кхетамчу йогIур яц. Цунна бехке а сан йиша йо. Тхоьга олу: "Стенна дина цо оццул дукха бераш?". Соьга хаьттича, сан йишин цхьа бехк бу - бер дан оцу перинаталан центре яхарна", - дерзийра щен къамел Розас.

***
ХIара материал зорбане яккха кечъечу заманчохь къаьстира, Росздравнадзоро бахийтина перинаталан центрехь инспекци дIахьош хиларх. Иштта хаамбина, таллам болабалале хьалха долийна зераш хиларх а.

Дуьххьара дац, лоьраш кхачам боллуш орцах ца бовларца, ГIалгIайчохь бер дина зуда коме йоьдуш. Меттигерчу "Фортанга" ресурсо дийцарехь, 2018-чу шарахь перинаталан центрехь коме яхара ялх беран нана Хамуратова Макка. Москварчу а, Францерчу а клиникашкахь дарбанаш лелийнашехь, хIинца а дегI лаьцна ду цуьнан.

Перинаталан центран коьртачу лоьран Халухаева Людмилин ледарлонна беран цIа дIадаьккхина, могушалла эшначу Экажева Тамарех а, кхин а масех зудчух лаьцна а дийцира Кавказ.Реалиино. Дийнна шарахь деш-дуьтуш доцуш Iийначу прокуратуро, шайга оцу наха дехарш дешшехь, материал зорбане яьллачул тIаьхьа бен таллам ца болийра. Экажеван латкъамехь тоьшаллаш карийра, ткъа коьртачу лоьре дIахьедира, оцу кепарниг кхин дIа далийта мегарг цахиларх.

XS
SM
MD
LG