ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пхеа шерачохь Къилбаседа Кавказехь шаьш 250 тIемало верах дIахьедина Росгвардино


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2016-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Къилбаседа Кавказехь тIемалой бара аьлла хета 250 стаг верах дIахаийтина Росгвардино. ГIаттамхой кечбеш хилла 29 база а йохийна шаьш, боху цара ишта.

"2016-чу шарера 2021-чу шаре кхаччалц Оьрсийчоьнан Федерацин Къилбаседа Кавказан территори тIехь йиъ эзар сов леррина операци дIаяьхьна, цигахь вийна 250 тIемало, уьш кечбеш хилла 29 база а, 193 тIемалойн куп а хIаллакйина, 517 къайле карийна", - яздо Новости агенталло, Росгвардин пресс-гIуллакххойн информацина тIетевжина.

Иштта Росгвардехь дIахьедина, оцу пхеа шерачохь 4,5 эзар герз а, 300 эзар гергга кеп-кепарчу калибран тIеман гIирсаш а, тонн сов хила тарлу лелхийтарш а схьаяьхна шаьш аьлла.

Охан-баттахь Росгвардин куьйгалхочо Золотов Виктора хааме даьккхира, Къилбаседа Кавказехь террорхойн кхерам лахбаларх.

Кху шеран Зазадокху-баттахь Оьрсийчоьнан президентан векала Чайка Юрийс дIахьедира, Къилбаседа Кавказехь дIаяьхьначу лерринчу операцех лаьцна. Цо дийцарехь, 2020 шарахь Къилбаседа Кавказехь ницкъхоша 1,5 эзар лерина операци дIаяьхьина, вийна 45 тIемало. 113 низамехь йоцчу тобанийн декъашхо лаьцна, уьш терроран тохарш, низамхошна, маьршачу бахархошна тIелетарш дан гIерташ лелла, бохура REGNUM агенталло, Чайкас бинчу хаамна тIе а тевжаш.

Федералан гонан куьйгалхочо дийцарехь, буьйцучу нахера даьккхина 900 герз а, 120 эзар патарма-хIоъ а.

Оьрсийчоьнан Iедалхоша Къилбаседа Кавказехь терроризм хIаллакйина шаьш бохуш, дIахьедарш дешшехь, регионехь кест-кеста кхийсарш яр нисло, лоьцу цхьахйолчу террорхойн юкъараллашкахь дакъалаьцна бу олий нах. Дукха хьолахь, таIзаре хIиттийначара даредо, тIехь ницкъ а бина, бехкаш тIелоьцуьйту шайга олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG