1920-чу шеран чакхенехь ГIирмехь дIахIоттийначу Советан Iедало ГIирман гIезалойн политикан боламаш шога хIаллакбинехь а, къоман синбахамаллина зен хилла дац. Цул совнах, ХХ-чу бIешерашкахь ГIирман гIезалойн юкъараллехь заза хецна боца цхьа мур беара, доккхачу декъана, 1921-1923-чу а шерашкахь репрессеш а, мацалла а хьегначу нахалахь.
ХIетахь ГIирмехь гIезалой оьрсел а кIезиг хиллехь а, хIетте а ахгIайре дIалаьцна 21 процент бахархой бара царах. ГIирман АССР-н пачхьалкхан меттанаш дара оьрсийн а, гIезалойн а. Республикехь лаккхара даржаш дIалецна а бара гIезалой.
Жигара толлуш хьалхатоьттура церан археологи а, этнографи а. Арахоьцура Iилманан белхаш а, советан идеологех юьзна, амма коьрта тоьшаллаш шеца долу материалийн гуларш а.
30-чу шерашкахь советан Iедало къийсам болийра къоман элитаца, гIирмахой-гIезалой интеллигенци йоцуш а буьтуш.
1944-чу шарахь депортаци хилира, ткъа 50-чу шерийн юьххьехь ГIирман историн керла концепци юкъаяьккхира, хьалха дуьйна даьхначу къомах хьахош хIума а доцуш.
Цундела бIешераш дуьйлалуш дина йозанаш а, суьрташ а доккха маьIна шайца долуш ду ГIирман гIезалойн историна.
"Крым.Реалии" порталан суьрташкахь довза таро ю, ГIирман гIезалойн Iер-дахаран хьелаш.

“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832