Бахчисарай гIалин историн декъан юккъехь лаьтташ ду Орта-Джами цIе йолу маьждиг. ГIирман-гIезалойн маттера гочдича иза ду "юккъера маьждиг" бохург. Орта-Джами ду гIалан визитан картанех цхьаъ. Динан гIишло ю Ханан гIала-цIенна маситта бIе метр гергахь. Цхьана хенахь цу чохь ламазаш дина ГIирман ханаш. ГIирма.Реалиин корреспондент хилира Орта-Джами маьждигехь, хIара суьрташ а дохуш.
ГIирмера маьждигаш: Орта-Джами ‒ ГIирмерчу ханан заманара схьа дуьйна кху деношка кхаччалц (фотогалерей)
Бахчисарай гIалин историн декъан юккъехь лаьтташ ду Орта-Джами цIе йолу маьждиг. ГIирман-гIезалойн маттера гочдича иза ду "юккъера маьждиг" бохург. Орта-Джами ду гIалан визитан картанех цхьаъ. Динан гIишло ю Ханан гIала-цIенна маситта бIе метр гергахь. Цхьана хенахь цу чохь ламазаш дина ГIирман ханаш. ГIирма.Реалиин корреспондент хилира Орта-Джами маьждигехь, хIара суьрташ а дохуш.

1
Орта-Джами шира маьждиг лоруш ду. Дуьххьара иза хьахийна тептаршкахь 1674-чу шарахь

2
ГIирмехь Iедал латтош хан волчу заманахь коьрта рузбан маьждиг лоруш хилла ду иза

3
Кхоччуш иза дина далийтина ханаша Менгли II-чо а, Селямет II-чо а 1737 – 1743 шерашкахь

4
1881-чу шарахь маьждиге лелачу наха юхадира иза. 1929-чу шарахь дуьйна маьждиг дIакъевлина дара ламазе лелачу нахана, цунах културан цIийнах а, кинотеатрах а санна пайда а оьцуш
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832