Керч хидоькъийлера суьрташа гойту, тIайтIехь жигара белхаш дIахьош хилар, мел а сихонца Оьрсийчоьно аннекси йинчу ГIирман ахгIайреца дIайоза.
ГIирме кхачон тIай куьце далош ду
1
Тамань олучу Оьрсийчоьнан гIалара нах хьоьжуш бу ГIирман 19 км дехьа дуьллучу тIайне. 5000 герга белхалой бу 2015 шарахь йолийначу проектехь дийнахь а, буьйсанна а болх беш.
2
Ротенберг Аркадий ву (юкъехь) белхаш дечу метте веана. Бераллехь дуьйна ду цуьнан доттагIалла Оьрсийчоьнан президентца Путин Владимирца. И гергарло бахьанехь дуккха а миллиардашна гIишлош ян контракташ кара а кхаьччна, бахам гулбина цо.
3
Байначу баттахь даьккхинчу суьрто гойту, коьрта тIайн нартолаш йина йовла герга хилар.
4
Нартолаша цхьанатухур ю тIайн гIортораш, хIурдкемана буххула лела атта хилийта.