Харжамаш, тажтилларш, тIеман гайтамаш, протесташ карарчу денойн хиламашкахь.
КIиран суьрташ -- Стигалкъекъа-бутт, 6-11
5
Керстанаша Марха достуш Урдун Малхбалерчу Берда тΙехь, Наблус-гΙалина гена боцчу Гаразим лома тΙехь ламаст кхочуш деш ю «Самарянаш» шех олу динан тобан векалш. (REUTERS / Авад Аммар)
6
Шемахь, Дараа-гΙали йистехь, Цхьанакхеттачу Къаьмнийн Организацин Машаран тоба тΙехйолуш, некъаца эккхийтар хилча лазийна Шемара салти. (AFP / Бешара Лоуай)
7
Махкахь юкъара тΙом боьдуш йохийначул тΙаьхьа меттахΙоттийначу майданахь садоΙуш бу ОвхΙанистанера студенташ. ( AFP/ Исмайо Бай )
8
Къилба Вазирстанехь тΙалибашца тΙемаш боьлхуш Хайбер-Пахтунхва къоштарчу Дера ИсмаΙал Хан юьрта мухΙажирш бевлла нах бу сагΙа схьаоьцуш. (ERA/ Рахьман СаΙуд)