Политике бахкале дуккха а хьалха даьхна ду хIара пачхьалкхийн куьйгалхойн суьрташ. Бевзар буй шуна уьш берийн а, кхиазхойн а хенахь?
Къона политикаш. Ширачу суьрташ тIехь бевзар барий шуна уьш?
5
Шен доттагIашца цхьана садоIуш ву Ельцин Борис (аьрру агIор шолгIаниг). Оьрсийчоьнан хьалхара президент жимчохь хьекъал долуш хилла, ишта аьрха ву олуш а хилла. Цуьнан юхахьара хиларца, карахь граната а иккхина, аьрру агIорчу куьган шина пIелгах ваьккхинера иза.
6
Хинйолу канцлер Меркель Ангела походехь ю кхузахь. 1973-чу шарера сурт.
7
Принцесса Елизавета (тIаьхьо Британин паччахь Елизавета II). 1945-чу шарахь эскархойн могIарехь хилла иза.
8
Кхин а цхьа паччахь, амма оьрсийн: Николай Александрович, тIаьхьо Николай II, Оьрсийчоьнан тIаьххьара император. 1891-чу шарахь Япони вахначу хенахь даьккхина сурт ду хIара. Японин Оцу гIалахь кIело йинера цунна: карахь тур долчу полисхочо тIелатар динера, иза гIудалкх чохь рикшас вуьгучу хенахь. Шозза чов ян а кхиинера полисхо. Цхьадолчу хьасташна хетарехь, и тIелатар бахьана долуш 1904-чу шарахь тIом болийнера Николайс.