Политике бахкале дуккха а хьалха даьхна ду хIара пачхьалкхийн куьйгалхойн суьрташ. Бевзар буй шуна уьш берийн а, кхиазхойн а хенахь?
Къона политикаш. Ширачу суьрташ тIехь бевзар барий шуна уьш?
21
Кхиазхо Обама Барак шен деца Гавайехь. 1972-гIа шо.
22
Бухарестехь ЦIечу эскаре маршалла хоттуш ву Румынин хинволу диктатор Чаушеску Николае. 1944-гIа шо.
23
Исламан революци йолчу хенахь Мешехедехь протестехь ву тахана ГIажарийчоьнан лидер волу Хаменеи Iела. 1979-гIа шо.
24
Венгрин парламентехь шен коллегаца дагавуьйлуш ву карарчу хенахь Венгрин премьеран даржехь волу Орбан Виктор (аьрру агIор), 1990-гIа шо. Венгрин коммунистийн Iедална критика еш хиларца гоьвалла вара къона Орбан.