ОвхIанехь гуламаш лаьтта НАТО-н эскархоша Къоран дагор емалдеш. Шемахь кхуьуш ду бохамийн терахь. Iедална резабоцчийн го шорлуш бу оьрсийчохь, оцу хьолехь тIекхочуш бу президентан харжамаш. ГIажарийчу гIерта тIом. Иштта бара дахначу кIиран коьрта хиламаш. Суьрташа тоьшалла до...
КIиран Васт Суьрташкахь, Чиллан бутт, 18-26
14
Шема -- Идлибехь гIовтамхошна дуьхьало еш Iедалан ницкъаша вийна жимстаг дIаволла боьлхуш бу нах, 23Чил12. (AFP/BULENT KILIC)
15
Германи --"Керста-Демократин Цхьанакхетаралла" партин кхеташонехь йийн бокалца луьйца олуш ю канцлер Меркель Ангела, 22Чил12. (REUTERS/Thomas Peter)
16
ОвхIан --Кабулерчу гуламхоша маьхьаршца емалдо Дуьненаюкъарчу Эскарерчу салташа Къоран дагор, 24Чил12. (REUTERS/Ahmed Jadallah)
17
Гажарийчоь --Парламентан харжамашца доьзна ТехIеранехь дIадиттинчу суьрташна уллохула тIехбовлуш бу меттигера зударий. (REUTERS/Morteza Nikoubazl)