ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къилбаседа Кавказехь цхьана дийнахь хиллачух


ЯмадаевгIеран а, КадыровгIеран а доьзалашна юкъахь лаьттачу мацахлерачу мостагIаллех дийцарш юха а жигардаьхна хаамийн гIирсашкахь. Дуьйцу и конфликт шина цIенна юкъахь лаьтта ткъех шераш ду бохуш. Цхьана хенахь «Оьрсийчоьнан Турпалхо» дезачу совгIатаийн дай хилла ЯмадаевгIеран кхуьй а ваша вийна. Оццу дезачу совгIаташа а Iожаллех ца ларбина уьш. Ткъа хIинца, Нохчийчуьрчу Iедало бехкево Ямадаев Iийса мехкан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна вен Iалашонца кIело йина бохуш. «Новая газатано» шен агIонтIехь зорбатоьхна артикл бахьанехь Ямадаевна тIе бехкаш дахка долийна Нохчийчуьрчу Iедало.

Иштта скандалан декъахой бу «Новая газета-н» журналисташ Нохчийчохь масех гей вийна, дуккхаъчарна тIехь ницкъ бина аьлла артикл цара арахецарца доьзна. Оцу дIахьедаро гIаттийна Нохчийчуьра Iедал. Цара бехкаш дохку «Новая газетана» а, «Эхо Москвы» радиостанцина а, цара харцо ю кхоьллинарг нохчашна тIехь, шаьш жоп доьхур ду аьлла. Ткъа журналисташа Оьрсийчоьнан Iедале арз дина, Нохчийчуьрчу Iедалх шаьш лардар а доьхуш. Цкъачунна къаьстина даьлла дац, тIехIуттур ю я яц Кремл журналисташна. Културан векалш журналистийн агIо лаьцна. Нохчийчоьнан Iедал реза хилла «Новая газетан» белхахошца цхьанакхета а, нагахь санна цара дийнна къоме шайна гечдар дехахь. Цкъачунна оцу гIуллакхан хьокъехь кхеле ца бевлла Нохчийчуьра Iедалан дай.

Гоьбевллачу журналистийн а даха дог а ца хилча, шаьш Iедало лардийриг хиларх, дуьйцийла а дац могIарерчу мискачу бахархойх. Масала, масех бутт бу ГIалгIайчохь кховдийна бехк а боцуш, цхьа жимстаг чохь латтто. Делахь а, полисхошна шаьш бечу белхан жамIаш гайтархьама пайден ду и чохь валлор. Милла хилла а цхьаъ бехке ца хилча волий, полицина куьйгбехкениг карош ца хилча. Билгалдаккха догIу, шеконаш тIехь адамна тIехь кхел яр цхьана Оьрсийчохь хилла ца Iа. Еххачу хенахь Мисарахь шен доьзалца ваьхна Дагестанан вахархо, гIаттамхойн тобанехь лаьттина ву аьлла, шеконашца Украинехь лецира Оьрсийчоьнан дехарца. Шемин президентна Асад Башарна дуьхьал «Исламан пачхьалкх» шех олучу тобан могIаршкахь тIом бина аьлла, бехккала воьллина суьлийн кIант.

Къилбаседа Кавказерчу регионийн Iедалша шайн-ма хуьллу къахьоьгу шаьш ницкъ болуш хилар гайтархьама. Билггал хууш дац, хьанна хIиттош ю и кеп: я кавказхошна,Ямаданвы братья, я Москохарчу бахархошна? Кир дIасакхоьхьучу машенашлелорхоша гIаттийначу протестца къийсам латточу Дагестанан Iедало дуьнене дIакхайкхийна, шайна дина дика ца гун и шофераш провокаторш бу аьлла. Iедал дуьхьал дац протестхошца дийцарш доло, амма хIинца а цхьалха далаза ду, стенах лаьцна хир ду и дийцарш, дуьхьалонан акцин декъашхоша къийсам латточу федералан низамашна регионерчу Iедалан цхьана а кепара тIеIаткъам бан ницкъ ца хилча.

XS
SM
MD
LG