ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIун дан деза "Оьрсийчоьнан Почтехула" хьажийна хIума яйъича?


Архивера
Архивера
Назим Магомедов

ХIун дан деза "Оьрсийчоьнан Почтехула" ахь я хьоьга хьажийна хIума яйъича?

КIиранашкахь сатуьйсу ахь. Ботт яьстина, йохийна, чуьраниг яйна, я дахьийтина кехат дешна карадо. "Оьрсийчоьнан Почтанера" кест-кеста долу олий дуьйцу сакхташ ду уьш. Цкъацкъа беламе дерг а нисло.

23 шо долчу Черкесскерчу Трофимова Дарьяс кест-кеста цхьацца хIума оьцура пачхьалкхал арахьарчу интернет-сайташкахула, амма даима а ца кхочура уьш схьа.

"Почтан зIенах" цIе йолчу низаме ладоьгIча, операторша дуьззина жоп ло почтин некъашхула яйначу хIуманах. Амма массо а бахархой бац низам девзаш, ца хаьа иза Бехктакхаман кодекс ца ешначунна.

"Ас коч яийта ахча хьажийнера, беттанашкахь лийлира иза схьакхачаре хьоьжуш. Амма почтехь яцара. Ботт тоххара схьакхаьчна, олура, схьаелла йоццушехь. Ас сайтехула юха а дийхира сайна коч яийта. Цхьа ах шо даьлча, со почте яхча, ас яийта хьахийначу кучахь лелаш гира суна почтин белхахо", - дуьйцу Трофимовас.

Ставрополерчу 24 шо долчу ингалсан меттан хьехархочо Садовский Виктора бутт хьалха шена мобилан телефон яийта аьлла, ахча дахьийтинера. Дукха хан йоццуш, чохь телефон а йоцуш, еса схьаэцна ботт почтера.

"486 грамм а йолуш, схьаихина ботт, массо а пчташкахь оза а узуш. Массанхьа а йозалла цхьаъ ю, кехаташа гойту иза. Амма почте вахча, соьга схьалуш, ботт ца уьйзира цхьаммо а, оза езаш-м яра. Кара ма эцна, со шекьхилира иза ах кийла ю бохучух. Царна хьалхха ботт елла волавелира со. Йиллича, яцара телефон. Ботт ерзийра ас, IMEI (телефонан серийн ноьмар) яцара, ятIийна, тIераяьккхинера. Телефон лохуш, арз яздойла дацара", - боху ставрополхочо.

Эшамхилларг меттигерчу Главпочтамте вахана. Цигахь арз дIаэцна, дош делла талла, яийтинарг санна йолу телефон я ахча дала.

Далийначу масалшца богIу хьовзам нисбелча, хIун дан догIу, дийцира "Кавказ.Реалиига" Къилбаседа Кавказехь "Оьрсийчоьнан Почтан" корпоративан коммуникацийн куьйгалхо волчу Яхимович Назара.

"Уггаре хьалха, яйначу хIуманах лаьцна арз яздан деза, почтан белхахоша акт хIоттор ду, тIаккха болалур бу таллам. Дуьнено почтехула дIасалелочу киранах дозург къастош бутт ло. Оха-м кхин а сиха а луьсту хилларг. Бехкениг талламчашна караво. Къоладинарг воцуш, цунна аьтто бинарг а лоху. Эшна меттиг еъча, Iедалан ницкъашка а доккху, - элира тхоьга Яхимовича.

Яйначу хIуманан мах охьабиллийта дерриг а дан деза шайн, бохура "Оьрсийчоьнан Почтан" векало. Делахь а, кIолахой шайн Къилбаседа Кавказерчу коллегашлахь цхьа наггахь бен а ца нисло, тоьшалла дира говзанчас.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG