ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхочо бехктакхаман гIуллакхехь харцо лелорна Нохчийчуьра прокуратуро а, кхело а даредина


Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин Теркан кIоштарчу декъера белхалочо "наркотикашца" доьзна харц гIуллакх вовшатоьхна. Цо бехке лерийнарг ву меттигера вахархо Закиев Тимур. Прокуратурo а, кхело а шеконе диллина иза, цара и йухалиста чуделла.

2023-чу шеран чиллин-беттан 21-хь Закиевна марихуана лелорна аьлла бехкевина, шарахь такха цIарна хан туьйхира. Сацам шатайпачу низамехь бина бара. Аьлча а, бехкан тоьшалла доццушехь. Стигалкъекъа-баттахь гIуллакх йухаталла Нохчийчуьра лакхарчу кхеле кхечира - иза доьзна дара "ОМВД урхаллин белхалочо харц тоьшаллашца зулам талларан кеп хIотторца",- аьлла ду сацамехь.

Цуьнца цхьаьна сацамаш бира, Лакхара Неврерчу куьйгалхочун, Нохчийчуьра Теркан кIоштан ОМВД урхаллин куьйгалхочун гIуллакхашкахь. Республикерчу лаккхарчу кхелан апелляцин сацамо гIарадаьккхира иза. Хьалхарчу инстанцехь бехктакхаман гIуллакх леринчу низамехь талла аьтто бацара. ХIунда аьлча, цуьнан материалашкахь галморзахе дерш дукха дара, хаалора харц балхаца гIуллакх вовшахтасаран билгалонаш, сацамбира кхело.

  • Наркотикашца доьзначу бехктакхаман гIуллакхийн доккха цхьа дакъа харц тоьшаллашца шаьш полисхоша тайп-тайпанчу бахьанашца вовшахтоьхна ду, аьлла дIахьедар дина Къилбаседа Кавказехь болх бечу бакъонашларйархоша а, адвокаташа а.
  • ХIинжа-ГIаларчу Навальныйн штабан хиллачу координаторан Атаев Эдуардан гIуллакх ду Дагестанерчу кхелехь дIахьош. Цунна бехке диллинарг бакъонза наркотикаш а, тIеман гIирс а лелор ду. Атаевс и гIуллакх харц тоьшаллашца вовшахтесна ду боху. Шен махкахочун, политикан хьежамашца, коррупцин балхана дуьхьал хиларца доьзна ду а аьлла. Дагестанера МВД а цхьаьна декъeхь йолуш.
  • Астраханерчу чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин транспортан декъан хиллачу куьйгалхочунна дуьхьал долийна бехктахаман гIуллакх - иза шеконе лаьцна, 10 кила наркотикаш лачкъорна. Бехке хила тарлочун цIе йуьйцуш йац.
  • Гезгмашин-баттахь "Iазапашна дуьхьал Команда" тобано шайн "Ницкъабарн арифметика" рапорт зорбанейаьккхира. Цо дуьйцура, Къилбаседа Кавказерчу полисхойн Iазапах. Бакъонашларйархоша дийцарехь, 87% хиламашкахь Талламан комитето бехктакхаман гIуллакхаш долор къобал ца до.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG