ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхочо йиттинчу ГIалгIайчуьра вахархочо ахмиллион сом компенсаци йаьккхина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГIалгIайчуьра Магасан кIоштан кхело мехкан чоьхьарачу гIуллакхийн министраллина тIедожийна 2022-чу шарахь полисхоша йиттинчу меттигерчу вахархочунна ахмиллион сом компенсаци йала. Волайнхо – МВ-н пенсхо ву, заьIапалла йолуш а ву иза.

Шинарин дийнахь тIеэцначу кхелан сацамах хаамбина "Травмпункт" бакъоларйаран проекто, оцу гIуллакхехула кхеташо хиларх кхелан сайтехь хаам бац.

Стохка гезгамашин-баттахь полисхо Мержоев Амиран бехке лерира кхело йеттарна, цунна арахь даккха диъ шо туьйхира, ткъа апелляцихь таIзар хийцира колонихь ши шо а доккхуьйтуш. Мержоевс лаьцна йаьккхина хан а дIа а лерина, сацам бира цо хан текхна лара.

  • Кавказ.Реалии сайто бакъонашларйархошна тIетевжина бинчу хаамца, цхьа могIа шеца лазарш долчу МВД-н пенсхочух шеконаш хиллера Мержоевн, цо наркотикаш латтош йу аьлла. Машенчуьра охьаваьккхина иза, асфальт тIе охьа а виллина, шозза йиттинера цунна. Цул тIаьхьа Дербичев полисхойн декъе валийра, цигахь йуха а шозза леттера цунах, Мержоевна хьалха горахIотта иза дуьхьал хиларна.
  • 2022-чу шеран зазадокху-баттахь, Мержоевна а, кхин а шина полисхочунна а дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхинчул тIаьхьа, хетарехь ницкъахошца йоьзначу "Розыск Ингушетия" телеграм-канало йаздира, полисхоша Дербичевгара кхаъ баьккхина хилла бертаза 400 эзар сом, цуьнгахь наркотикаш хаайаларх протокол ца хIотториг. Оцу каналехь бечу хаамца, наркотикаш цунна тийсина хила а тарло. Ишта дуьйцура, шолгIачу группин заьIапхо волчу Дербичевн, цара дукха йеттарна, хьен-туьта лазийна хиларх а, цуьнан пIендарш кегдарх а.
  • Хетарехь дуьйцург хIара хила тарлора пачхьалкхан "Интерфакс" агенталло шен хаамехь а. Цигахь билгалдоккхура, полисхоша лаьцначун машенна тIе табелан герз диттинера, ткъа цунна йетташ дIайазйина видео, хетарехь иза лаца кхайкхийначунна хьажийна хиллера. Оцу йукъанна "Розыск Ингушетия" телеграм-канало зуда йу боху, цуьнан коча полисхой тийсинарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG