ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полисхошна тIелатарна 27 шо хан тоьхна ГIалгIайчуьрчу вахархочунна


Имагожев Ахьмад суьдехь
Имагожев Ахьмад суьдехь

Къилбан гонан тIеман кхело луьрчу хьелашкахь набахтехь даккха 27 шо хан тоьхна 27 шо долчу ГIалгIайxуьрчу вахархочунна Имагожов Ахьмадна, хьалхара 5 шо набахтехь а доккхуш, Магасехь некъан полицин постана тIелатар дарна. Цунах лаьцна хаам бина кхел йоьдучу чохь волчу Кавказ.Реалиин корреспонденто.

Чуволларал сов, суьдо гIуда тоьхна Имагожевна 2 миллион сом барамехь. Иза бохам барна билгалъяьккхина компенсаци ю кхелхинчу полисхочун зудчунна дIалур йолу.

Имагожевн адвокаташа дIахьедина кхелан сацам дукха тIехь луьра аьлла. Адвоката Лев Дорофеевс, дийцарехь, бехкбиллархойн аьтто ца баьлла и жима стаг терроран кеп йолу хIуманаш лелийна ву бохург тIечIагIдан. Ша террорхо ву бохург харц дора кхело бехкевинчо а. Имагожевн суьдехь гIо лоцу агIо дагахь ю оцу сацамна апелляци ян.

  • 2019 шарахь ГIуран-беттан 31-хь 18 шо долу Мизиев Микаил а, 25 шаре ваьлла Имагожев Ахьмад а тIелеттера Магасехь ДПС (дорошно-патрульная служба) олучу некъан полицин постана. Полисхочунна тIе машен а тоьхна, машен чуьра ара а иккхина, карах арсаш а долуш, тIелатар динера цаьршимма низамаш лардон органийн белхахошна. Чевнаш хиллера кхаа полисхочунна, царах цхьаъ велира. ТIелатарехь вийра Мизиев. Чевнаш хилла Имагожев дIакхачийнера госпитале. Цул тIаьхьа цуьнга бехк кховдийра низамаш лардон органийн белхахошна тIелатар дарна а, терроран тIелетаршкахь дакъалацарна а
  • И тIелатар шаьш дайтина ду аьлла шена тIелецар хилларг "Исламан пачхьалкх" олучу тобано, амма ша оцунна декъа хиларан цхьа а тоьшалла ца далийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG