Дагестанехь ши полисхо бехкевина тоьшаллашца харцо лелорна а, стагана тIехь ницкъбарна а, иза шена тIе куьйгаш хьочу хьоле ваккхарна а. Зазадокху-бутт бовш Буйнакскан кIоштара Лахара Дженгутай цIе йолчу эвлахь герз деттарца доьзна гIуллакх ду и. ХIетахь 31 шо долу оцу эвлара вахархо лецира, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахошна чевнаш йарна. Дукха хан йалале полици кхайкхинчу цхьана тешо ша шена тIе куьйгаш даьхьнера. Кхин а ши де даьлча хеттарш динчул тIаьхьа кхелхинера лаьцначун 79 шо долу гергара стаг а.
"Медиазонас" хаамбина оцу бехкзуламан гIуллакхах лаьцна. Теш а, цуьнан гергара стаг а валарх бIаьста йаздинера Йукъараллин тергамчийн комиссин хьалханчас Хадулаев Шемала. Амма тIаьхьо шен пост дIайаьккхира цо.
Журналисташна хIинца къаьстина, Талламан комитето охан-беттан 12-чохь гIуллакх схьаделларх, шегарчу бакъонел тIех а вуьйлуш, тIехь ницкъбарца, стаг лечу хьоле валор, тоьшаллашца харцо лелор аьлла. Оцу гIуллакхца доьзна лаьцна ши полисхо- 27 шо долу Магомедов Сулейман а, 34 шо долу Расулов Iабдулла а.
- Стигалкъекъа-баттахь Дагестанера Хасав-Йуьрт гIалин кхело арахь йаккха хенаш кхайкхийра цхьана хенахь полисхой хиллачу Алиев Шемална а, Сайпулаев Рамзанна а. Наркотикашца доьзначу гIуллакхна бехкке хеташ лаьцна йалийна зудчунна тIехь ницкъ бинера цара. Цаьрца цхьана таIзар дина чоьхьарчу гIуллакхийн белхахочунна Ахмедова Майина а.
- Гезгамашин-баттахь Астраханера кхело меттигерчу вахархочунна, автоблогер волчу Магомеддибиров Магомеддибирна ши шо хан туьйхира колонихь даккха. Иза бехкевира гандболан тренерна Заикин Георгийна некъан бохам хиллачу заманчохь тоьхна аьлла. Кхеле ваьллараг ша Магомеддибиров вара, амма эххара а таIзар цунна дира.