ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Журналист Политковская Анна йийна 15 шо кхечи


Политковская Анна
Политковская Анна

"Новая газетехь" болх бина журналист Политковская Анна йийна 15 шо кхечи тахана, Г1адужу-беттан 7-чохь. Тахана кхачало иза ейтинчарна дан тарло таIзар – стаг вийнарг бехктакхамах мукъа вуьсу цо зулам дина 15 шо даьлча.

Политковская Анна йийра Москвахь, шен цIийнан учахь нийсса 15 шо хьалха. "Новая газетан" журналист евзара дуьненна Нохчийчуьрчу тIемаша ден зенаш довзийтарца а, цигарчу бахархойн бакъонашкахьа латтарца а. Масийттазза тIемаш лаьттачу мехкашка яхара иза, хилира Нохчийчохь а.

Бизнесхо Гайтукаев Лом-Iела, милицехь болх бина Хаджикурбанов Сергей бехкевира зуламна бух кечбарна. Ткъа зуда ерна куьг-бехке бу аьлла, цаьрца цхьаьна набахте хьовсийра милцо Iийна Павлюченков Дмитрий, вежарий МахмудовгIар – Рустам, ИбрахIим, Жабраил. Набахтехь кхелхира Гайтукаев Лом-Iела. Тахана хууш дац, хьан арабаьхна хилла нах Политковская ен.

"Новая газето" дIахьедина, оцу гIуллакхан талламабар кхин дIа а карладаккхийта хьовсур ду шаьш аьлла. Иштта, тахана шаьш шайгара бинчу талламан жамIех а дуьйцуш, фильм арахеца дагахь а бу газетан белхахой. "Новая газетан" журналисташ тешна бу, хилларг доьзна хиларх Нохчийчоьнан куьйгалхочух Кадыров Рамзанах. Масийттазза тIемаш лаьттачу мехкашка яхара иза, хилира Нохчийчохь а. Нохчийн къомана дуккха а орцахйийлира ша дийна йолуш Политковская Анна.

Делахь а, Москвахь а, Оьрсийчоьнан кхечу цхьацца меттигашкахь а, дуьненан дуккха а шахьаршкахь а наха барамаш дIаъьочу юкъанна Нохчийчохь хьахош а яц Политковская Анна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG