ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Саратова Хеда: Ас дозалла до Аня сайна йовзарх


Оьрсийчоь - Политковская Аннин доттагIаша сийлаллин васт тоьхна иза яьхначу цIийнан пенах, Москох, 07ГIа2013.
Оьрсийчоь - Политковская Аннин доттагIаша сийлаллин васт тоьхна иза яьхначу цIийнан пенах, Москох, 07ГIа2013.



Политковская Анна йиц ца йина нохчаша, царна и йина я йийна де билгалдаккха махкахь торуш цкъачунна дацахь а.

Анин цIе ца евзуш а, цуьнгара гIо ца кхаьчна а хир вац Нохчийчохь эса хьийзийначех стагга а. ГIара мел долу зулам толлуш, ша болх бечу тоьллачу "Керлаа газетехь" и талламаш Iорабохуш хира иза.

Дукха хьолехь Нохчийчоьнца боьзна хуьлура цуьнан болх, цундела кхуза ша цхьаъ ягIахь а, бухахь шорта накъосталла дан нах карабора Анина.

Ишттаех ю бакъонашларъярхо, журналист Саратова Хеда. Политковская Аннин говзалла вуно лекха яра, майраллин доза а дацара, цундела и саннарг Оьрсийчохь хенан йохаллехь кхин кхиахь а тамаша бу, боху ша а къиллойх йоцчу Хедас.

Саратова: «Аня санна болу нах кеста бевра бу аьлла ца хета суна. Цхьа хIума ду, кху Нохчийчохь иза йолуш, цуьнца цхьаьна лелла ду тхо. Цуо бинчу белхан лаккхара мах хадон лаьара суна. ..Иза йийна хан яьлчул тIаьхьа цунах ойла ма йой ахь. Деллахь, ишшта болх хIинца ма балура бацара соьга, бохуш йо ахь ойла. Дукхачу нахана гIо дина цо. Вайна тIехь деш долу таIзар довзуьйтуш болх бора. Тахана вайна гуш ду-кх оцу Интернет чохь, цо Шамановга деш долу къамел а, масала...».

Политковская Анна Нохчийчу йогIучу хенахь, цунна гIо дан лууш шаьш хилла ца Iаш, шайн цIе яьккхийта ца лууш болу Iедалан белхахой а хуьлура, боху Хедас.

Саратова: «Со теш хилла ю-кх цунна ишшта гIо деш хилла хиларан. Суна цIерш яха а ца лаьа церан. Цуьнан телефон дIаяйначу хенахь, гIалару тхан телефон тIера тухура цо цхьацца нахе. Уьш суна а бевзара. Сан цаьрца цхьана а тайпа гергарло дацара. Цхьаъ царех ОМОН-ан хьаькам Iийна волу Дахиев Бувади вара. Цу Бувадис дIавигина волу сан цIийнда оцу Анегахула схьаваьккхира ас. Цо ала ма эллинехь, иза схьавелира. Лаккхарчу даржехь болчу нахаца цуьнан уьйраш яра. Цо аьлларг дора цара».

Политковская Аннина ша Нохчийчу еъча. ша мелла а кхерамазаллехь ю аьлла хетара. Амма Москох, ша ехачу гIалех иза кхерара аьлла хета Саратова Хедина.

Саратова: «Нохчийчохь йолуш чIогIа майра лелара иза. Миччанхьа чуйоьдура. Оха сецо езаш хуьлура, Аня, цига яха мегар дац, иза дан мегар дац, бохуш. Тхан нана йолчохь, Шуьйтахь, мачаш, кхин а цхьацца хIуманаш йицйинера цо. Москох яхханчуьра, цуьнга уьш дIалуш, цхьанакхийтира тхойшиъ, Пушкински олучу метрохь.

Цига тIейогIуш, дIа-схьа хьоьжуш, тамаше яра иза. Ас хаьттира цуьнга, цхьана хIуманах кхоьруш ю хьо, аьлла. Хеда, ларлуш хилалахь, иза ма гайталахь, важа ма гайталахь, бохуш, цхьа цеце а йолуш яра иза. Иза йийначул таьхьа ойла еш Iийна со, кхузахь иза ца кхераран бахьана дара тхо, накъостий,. цунна гергахь хилар. Тхаьш дайъитина а, иза ларйийр яра. Цунах майра лелаш яра иза. Москох цунна уллехь накъост вацара».

Деххачу шерашка даьккхина Политковская Анна еран талламийн гIуллакх. Мел деха теллича а, къасталуш яц и зулам де аьллачуьн цIе. Куьгбехкенаш а, цунна тIехьежнарш а билгалбевла боху, амма оцу зIенан коьртехь лаьттарш къаста ца белла, я къастон лууш дац Iедал. Саратова Хедина къасталур бу аьлла а ца хета и нах.

Саратова: «ХIара система мел ю, иза къаьстар ду аьлла а ца хета суна. Даржехь болчу наха дина ду и хIума аьлла а хета суна, уьш гучу ца баха сецош ду аьлла а хета бакъдерг гучудаккхар. Иза суна хетарг ду, иза ас аьлла аьлла, суна таIзар дахь а, дан хIума дац...».

Нохчийчоь тахана дIатесна мохк бу. Кхузахь машар а, барт а, иман а, ислам а, дуьненна тIехь мел долу беркат а гулделла меттиг ю. бохуш, кхайкхош ду. Кесст-кесста, дагалоцу Iедало оцу некъа тIехь шай синош дIаделла болу Iедалхой а, низамхой а.

Амма хьийзийначийн, къизала лайначийн дог а оьцуш, царна зуламаш динарш жоьпе озабайта гIиртина йолу Политковская Анна а, Эстемирова Наталья а, уьш саннарш а шайн гергарчийн а, доттагIийн а, могIарерчу бахархойн а дагалецамашкахь бен бац.
XS
SM
MD
LG