ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицин инарла-майор Алаудинов Нохчийчоьнан кхерамазаллин кхеташонан секретарь хIоьттина


Алаудинов Апти
Алаудинов Апти

Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана регионерчу кхерамазаллин Кхеташонан секретарь хIоттийна полицин инарла-майор, "Ахмат" лерринчу полкан буьйранча Алаудинов Апти.

Кадыровс Аптих "хьоме ВАША" аьлла, цо Украинерчу тIамехь дакъа лацар билгал а даьккхина – цуьнан куьйгкIелахь шайх лаамхой олурш а, къобалъязчу ЛНР-н милицин шолгIачу корпусан ницкъаш а бу.

Хаам бо, цул хьалха хилла волу секретарь Ясаев Асламбек Нохчийчоьнан куьйгалхочун гIоьнча хIоьттина хилар.

  • Великобританино а, Америко а санкцеш яьхначу нехан тептарехь ву инарла-майор Алаудинов Апти. Нохчийчуьра ЛГБТ-н декъашхошна тIаьхьваьлла хьийзарна бехке лору иза.
  • Алаудиновн бехкаш дахкар бахьана долуш доладелира Байсаров Мовладина тIаьхьбовлар, "Новая газетан" хаамашца, Алаудинов иштта бехкево Кутаев Русланна тIехь Iазапаш лелорна а, Кадыровн цIарахчу полицин полкан дозана тIехь лаьцначу ткъе иттех стагана тоьпаш тохарна. Цул сов, Алаудиновс дакъа лаьцна Iедалхошна товш боцчу кегийрхойн гергарчарна йеттарна а, Давыденко эвлара нах кхерорна а, дозанал арахьарчу а, республикерчу а Кадыровн критикашна кхерамаш тийсарна а.
  • Кадыровн Нохчийчуьра рожан критикаша хьалхо дIахьедира Кавказ.Реалиига, Алаудинов Апти Украинерчу тIаме "бехках цIанваларан миссица" хьажийна, шегара бехк балийтина волчу Нохчийчоьнан куьйгалхочун накъостан кепехь, бохуш.
  • Луганскан аг1онехула жоьпаллехь ву бохучу Алаудинов Аптис хьалхо бехк цабиллар дехна, Северодонецкерчу цхьахволчу йийсаре лаьцначу эпсаран бIаьргийн кIелонаш Iаржъелла хиларна. "Иштта нисделла, бертахь карадуьйла аьлча, ла ца догIарна", - аьлла Алаудиновс. Шен постехь йинчу комментарехь Кадыровс билгалдаьккхина, "бехзказавийла хьашт дац" аьлла.
  • 2019-чу шарахь "Новая газетано" яздора, Нохчийчоьнан куьйгалхо Алаудиновна оьгIаз вахана, цо "Кадыров Рамзанан портретана забаран кепехь уккале тIара тохарна". Ша инарлас и харцдина шен видеокхайкхамехь, республикан куьйгалхочунна муьтIахь хиларца дуй а бууш. Амма оцу хенахь Алаудинов дIаваьккхира Нохчийчухула йолчу МВД-н куьйгалхочун гIовсан даржера – цигахь бархI шарахь болх бинера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG