ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Полицица хиллачу кхийсаршкахь дакъалаьцна ву аьлла хетачун деваша лаьцна ГIалгIайчохь


ГIалгIайчоь, Малгобек. Архивера сурт
ГIалгIайчоь, Малгобек. Архивера сурт

Къилбаседа ХIирийчоьнан а, ГIалгIайчоьнан а дозанерчу постехь зазадокху-беттан 27-чу буса тIелатарна а, оханан-беттан 3-чохь Малгобекехь полисхошна а герзаш диттина аьлла а бехкехетарш лоьхуш бу ГIалгIайчохь.

Iедалхойн "Ингушетия" интернет-газето хаамаш бинчу хьастана тIетевжина дуьйцу, хетарехь шеконе эцнарш тIехь хилла кхо машен карийна, Mash Gor телеграм-канало хьастана тIе ца тевжаш билгалдоккху, цхьахйолчу машенчохь оьккхуьйтург а, тIеман гIирс а карийна бохуш.

Иштта хаамбина, зулам дале хьалха оцу меттигехь – Малгобекан йистерчу фермеран хIусамехь гильзаш а, иштта бедарш а, молханаш, цIийн таммагIаш тIехь киса а карийна хиларх, цо а тоьшалла до боху, тIелеттачех цхьахволчунна чевнаш йина хиларан.

Оцу цIийнан хIусамда лаьцна, цхьахволчун деваша ву иза, Mash Gor телеграм-каналан а, Iедалхошкахьа йолчу анониман "Оперативные сводки" телеграм-каналан а хаамашца, 70 шо долу Коттоев Леча ву иза – лехамашка веллачу Коттоев Мовсаран деваша. Ницкъахойн версица, кхаа дийнахь бехкехетарш шен хIусамехь лечкъийна латтийна цо.

Оцу заманчохь Коттоев Мовсаран дас, Коттоев Ахьмад-Гирис, видео дIайазйина, шен кIантах дIахедаш."Фортангас" кхетадо, Коттоев Ахьмад-Гирин дIахьедаран маьIна ду, шен кIант вехь а, цунах ша чIир хьейийр йац бохург.

Карарчу заманчохь, тIечIагIбазчу хаамашца, лоьхуш ву пхи стаг. Махкарчу МВД-н урхаллин сайтехь а, телеграм-каналехь а Малгобекехь кхийсарш хиларх информаци йац.

Карладаккхар: Оханан-беттан 4-чу суьйранна ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Iелас дIакхайкхийра шен телеграм-каналехь махкарчу ФСБ-н а, МВД-н урхалхошца цхьаьнакхетар хиларх, цигахь дийцаредина контртерроран операци Малгобекан кIоштахь дIайахьарх лаьцна.

  • Оханан-беттан 3-чу суьйранна ГIалгIайчоьнан Малгобекан кIоштахь полицин белхахошна тIе герзаш диттинера муьлш бу цахуучу наха, цхьахверг лаза а веш, къайлабевллера уьш. КIоштахь кхайкхийна ю контртерроран операцин раж.
  • Зазадокху-беттан 27-гIа буьйса юккъе йахначу хенахь ГIалгIайчоьнан Наьсаран кIоштахь полисхойн постана тIе герзаш диттинера бевзаш боцчу наха, цул тIаьхьа къайла а бовлуш. Кантышево эвлан галморзехь ДПС-н пост тоьхначу меттигехь динера тIелатар. Mash Gor телеграм-каналан хаамашца, мел лахара а кхоъ хиллера тIелеттарг, уьш детин басахь йолчу ВАЗ-21099 машенахь хиллера. Виъ вара тIелеттарг бохуш, дуьйцура. Шина полисхочунна чевнаш йира.
  • Къилбаседа ХIирийчуьра ДПС-н постана тIелеттачех хила тарло аьлла, лаца кхайкхийна ГIалгIайчуьра вахархо Эльдиев Рамазан зазадокху-беттан 29-чохь велла карийра Карабулакехь. Пачхьалкхан "Интерфакс" агенталлин хьасташа дийцарехь, иза велла хила тарло герзаш дIасадеттачу хенахь йинчу чевнех.
  • Зазадокху-беттан 27-чохь ГIалгIайчоьнан МВД-н урхалло лаца кхайкхийра махкара кхо вахархо терроризмана бехке ву аьлла, шеконаш кхолалйелла, вара царлахь Эльдиев Рамазан а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG