ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Польшерчу кхело пхоьазлагIа луьстур ду терроризмана бехкебечу нохчийн гIуллакх


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

2017-чу шарахь терроризмана бехкевина хилла Нохчийчуьра кхо вахархо бехказавоккхуш бинчу сацамна латкъамбина Польшин прокуратуро. И гIуллакх луьсту пхи шо сов хан ю.

Юьхьанца кхеле хIоттийнера виъ – полшхойн Iедалхоша бехкебинера уьш террорхойн «Исламан пачхьалкх» шайх олучу тобанна гIо дина аьлла. Талламан версица, Нохчийчуьра бахархоша гIаттамхошна ахча гулдинера, царна тIедуха латтийнера, церан могIаршка нах ийзийнера, иштта Польшин дозана тIехь дарба дайтинера Шемарчу тIамехь лазийначу нохчочунна.

ХIетахь бехкебийраш къера ца хилира шайн бехкана- цара бахарехь, къобалъязчу Ичкерина дахьийтинера цара ахча. Кхело тIечIагIдира, ИГИЛ-на гIо латтийна цахилар, Оьрсийчохь йихкинчу «Кавказан Имаратна» гIо дар. Кхаанна шишша шой, цхьацца буттий хан туьйхира воьалгIаниг бехказаваьккхира.

Оцу сацамна латкъамбира таIзар динчара а, Польшин прокуратуро а – 2018-чу шарахь Белостокскан апелляцин кхело сацам хийцаза битира, ткъа Польшин Лакхарчу кхело гIуллакх юхалиста дIахьажийра. Польшин Polskie Radio ресурсо яздарехь, масех керла кхеташо дIаяьхьира, цигахь кхин тIе Кавказерчу юкъараллин-политикан хьелан эксперт вистхилира – 2022-чу шеран бIаьста массо а бехказабехира. Оцу сацамна Къоман прокуратуран Подлянскерчу декъо латкъамбина – апелляци луьстур йолу де цкъачунна билгалдаьккхина дац.

  • 36 шо долу Нохчийчуьра Гериханова Амина лецира Зазадокху-беттан 13-чохь шен жимачу бераца Румыница долчу дозанехь Украинера араяла гIертачу хенахь. Оьрсийчоьнан дехарца Интерполон лехамашка еллера иза – мухIажар бехкейо Шеман дозана тIехь боьлхучу тIемашкахь дакъалацарна. Пхи шо гергга хьалха Нохчийчуьра дIаяхара Гериханова, цул тIаьхьа Киевехь ехира иза. Румынехь иза дIалецира, цуьнан кIант берийн цIийне хьажийра – тIаьхьо цуьнан гергарчу стага дIавигира иза цигара. Товбеца-беттан 7-чохь Румынехь кхело дуьхьало йира Гериханована тховкIело яла – цуьнан миграцин хьукмате хьажийна арз юха теттира.
  • 2018-чу шарахь дуьненан футболан Чемпионат йоьдучу заманчохь теракт кечдеш хиллера аьлла, бехкевинчу 18 шарера 21 шаре кхаччалц хенаш йолчу ГIалгIайчуьра веа вахархочунна яккхий хенаш туьйхира Къилберчу тIеман кхело Ростов-ГIалахь. ТаIзарш динчара дIахьедо, тIехь ницкъ а бина, дайтина шайга мукIарло аьлла.
  • Пятигорскерчу ПхоьалгIачу кассацин кхело листира, бархI шой ах шой хан тоьхначу Дагестанан вахархочуьнгахьа Кубаханов Исламехьа гIо доккхуш дина арз. Иза бехкево бакъо йоцуш герзашца вовшахтоьхначу тобанхошлахь хилла ву аьлла. Кассацино шозза лахйира цунна тоьхна хан, кхел йинчо бух боцуш даьккхина гIуллакх дуй баьхнашехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG