ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Польшо пхоьалгIа а дуьхьало йина ницкъахоша вийначу ГIалгIайчуьра вахархочун доьзална тховкIело йала

Польшин а, Оьрсийчоьнан а дозанехь дуьхьало кечйеш бу. Архивера сурт
Польшин а, Оьрсийчоьнан а дозанехь дуьхьало кечйеш бу. Архивера сурт

ТховкIело йала рогIера дуьхьало йина Польшин Iедалхоша ГIалгIайчуьра йахархочунна Кодзоева Ракиатна а, цуьнан деа берана а. 2016-чу шарахь доьзал беддера Оьрсийчуьра ницкъахой шайна тIаьхьабовларна а, Кодзоеван хIусамда верна а.

Кодзоев Изновр, гIалгIайн поэтан Кодзоев Iийссан кIант ву, иза вийра Наьсарахь 2005-чу шарахь Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша леррина операци дIахьочу заманчохь. ГIалгIайчуьра ГУВД-н постана тIелатар дина цо бохуш, бехкевора иза, йаздо "Кавказский узел" ресурсо. Оцу гIуллакхца доьзна Изноврин вешина Зеламхина колонихь даккха 24 шо туьйхира И доцург а, ницкъахойн шеконаш йара вийначух, 2004-чу шеран гезгамашин-баттахь номер 1 йолу Бесланера школа дIалоцуш йукъахь хилла ву бохуш.

Кодзоев вийначул тIаьхьа, экстремизмана дуьхьало латточу Центран белхахоша кест-кеста хеттарш дан тIекхуьйкхура цуьнан хIусамнана, бераша доьшучу школе богIура, дийцира хьасте Кодзоева Ракиата. 2016-чу шеран гезгамашин-баттахь, цуьнан цхьадолу бераш 18 шаре девллачул тIаьхьа, Беларуси дIайахара иза, кхин а шо даьлча – Польше. Оьрсийчохь гергарчу нахехь ву цуьнан жимахволу кIант, диъ бер цуьнца шеца ду.

Зудчо бахарехь, йалх шо а ду тховкIело йаккха иза хьийза, делахь а, официалан документаш тIехь йаздарца, Польшин Iедалхошна хетарехь, Оьрсийчохь цунна маьрша ду, ткъа Оьрсийчоьнан низамаша бакъо ло цунна ницкъахойн муьлхха а харцо къовса. Оцу дIахьедарх Польшехь кхетадо, вийначу Изноврин да Кодзоев Iийсса Нохчийчохь хиллачу хьалхарчу тIамехь дакъалаьцна ву маршонан агIонча санна, ткъа иза хIетте а Оьрсийчохь ву, Iедалца цхьа а проблема а йоцуш аьлла. Оцу йукъанна официалехь цхьа а хаам бац гIалгIайн поэт тIамехь дакъалаьцна хиларх.

ПхоьалгIа шена дуьхьало йар къоьвсина Кодзоева Ракиата. Иза кхоьру, нагахь санна, шена депортаци йахь Оьрсийчоьнан ницкъахой йуха а тIаьхьабовларна.

  • Нохчийчуьра вахархо О.Зеламха лецира Польшин дозанхоша марсхьокху-баттахь, депортацин набахте хьажийна иза, хаамбинера Кавказ.Реалиига цуьнан хиллачу хIусамнанас. Даймахкахь цунна веран кхерам бу, тешна йу иза.
  • Европе а кхаьчна, цигахь тховкIело йеха уггар а гоьбаьллачех некъ бу Беларусин Брестехула Польшин доза хадор. ДIабахначех цхьа дакъа – Къилбаседа Кавказера бахархой бу, репрессеш бахьана долуш регионера уьдуш бу уьш, бу царлахь – зударий а. Доьзалехь латточу гIелонах къехка уьш, шайн бераш а шайца дIадуьгуш. Кавказ.Реалиин редакцино къамел дира ГIалгIайчуьра а , Нохчийчуьра а зударшца, дозанехь шаьш лелочу курхалчийн схемех лаьцна дийцира цара.
  • 2022-чу шеран чиллин-баттахь къастазчу бахьанашца кхелхира Нохчийчохь Франицно депортаци йина хилла 19 шо долу Мурадов Дауд. Цуьнан гергарнаш тешна бу, цунна дIавш делла аьлла.
This item is part of
XS
SM
MD
LG