ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

please wait

No media source currently available

0:00 0:02:54 0:00
Линкана тIе

Мисаран делегаци еанера Нохчийчу Стигалкъекъа-беттан 30-чу дийнахь шина денна леринчу визитца, яздо Кавказ.Реалиино. Цуьнан коьртехь вара цу пачхьалкхан Оьрсийчуьра векал Наср Ихаб. Хьешийн къасто Iалашо яра кийча юй республика тIеэца Оьрсийчохь кестта йолалуш йолу футболан дуьненан чемпионатехь дакъалоцу Мисаран футболан тоба.

Цу Iалашонца хьеший бахара "Ахмат-Арена" олучу Соьлж-ГIаларчу спортан комплексе. Цигахь тренингаш йийр ю мисархоша ловзаршна кечлуш.

Мисаран векал а, цуьнан накъостий а хьаьвсира футболан майданан дикалла муха ю.

Хьешашна хьалхаваьлла хиллачу зорбан министро Умаров Джамбулата бинчу хаамца, векал "дикачу агIор цецваьккхира" стадионан структуро.

Цул сов, Мисаран векал а, цуьнца баьхкина Iедалхой а бIаьргтоха бахара дуьненан чемпионате богу шайн футболхой дIатарбийр болчу "The Lokal" хьешан хIусаме а.

Еарин дийнахь меттигерчу Iедалан куьйгалхочуьнан когаметтаца Хакимов Хьасанца цхьаьнакхетча Мисаран векло Наср Ихаба дехар дира, шайн махкарчу журналисташна болх бан пресс-центр кхоллахьара аьлла.

Насра дийцарехь, футболан чемпионат йоьдучу заманна Мисарара дуккха а журналисташ бу Оьрсийчохь аккредитаци йина. Уьш цхьаьнаметтехь хилча вуно дика хир дара, бохуш вара иза.

Цул сов, векало дехар дира, республикерчу бIаьргтоха мегар долчу объектех лаьцна хаам бахьара шайга аьлла. Чемпионат йоьдуш Оьрсийчу бахка дагахь болчу 20-25 эзар шайн махкахошна оьшу иза, бохура Мисаран векало.

2018-чу шеран футболан дуьненан чемпионат хир ю Оьрсийчохь Мангал-беттан 14-чу дийнахь дуьйна Товбеца-беттан 15-гIачу дийне кхаччалц Оьрсийчура 11 гIаларчу 12 стадионехь. Цу гIаланашна юкъахь ю Москох, Петарбух, Казан, Лахара Новгород, Саранск, Калининград, Волгоград, Екатеринбург, Самара, Сочи, Ростох.

Шуна хетарг

Гайта комментареш

Дуьненан футболан чемпионат шайн цIахь дIахьош хиларе терра, Оьрсийчоьнан бахархоша сагатдо мехкан футболна. Шу дуй оцу декъах?

ХIара Iилманца нисбина кхаж бац. Жоьпаш деллачарна хетарг бен ца гойту кхо.

XS
SM
MD
LG