ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шемара Оьрсийчоьнан дараш


Шема - Палмирана гонах тIемаш бу. ГIур. 11, 2016
Шема - Палмирана гонах тIемаш бу. ГIур. 11, 2016

Кху тIаьххьарчу масех дийнахь хаамаш кхаьчна Шемахь 6 Оьрсийчоьнан эскархо вийна хиларх.

Оршот дийнахь Conflict Intelligence Team (CIT) олучу талламан тобано хаам бина, Шемахь Оьрсийчоьнан эскрхо Горбунов Артем вийна аьлла. Иза царна хиина, Горбуновн зудчо социалан машанашкахь цунах лаьцна хаам бар бахьана долуш.

Conflict Intelligence Team тобано дийцарехь, Горбунов гIуллакх деш хилла Лахарчу Новгородехь дIатарйина, ша лаьттачу 96-чу талламан бригадехь. Вийна Зазадоккху-беттан 2-чу дийнахь, Палмира схьайоккхуш дIайолийначу тIеман операцехь.

Сарахь шайн эскархо вийна хилар тIечIагIдина Оьрсийчоьнан тIеман министралло а. Цо бинчу хаамца, Горбунов ха деш хилла Оьрсийчоьнан тIеман хьехамчийн тоба ларйеш.

Иза вийна Зазадоккху-беттан 2-чу дийнахь Шеман эскархошна ИГИЛ олучу тIеман тобанера тIемалоша дина тIелетар юхатухуш.

Оццу хаамехь хьехош вара «Челябинскан кIоштара вахархо» Слышкин Иван. Иза верах хьалхо хаам бинера зорбанан гIирсаша.

Оьрсийчоьнан тIеман министралло дIахьедар дина, Слышкин, армехь гIуллакх дина а ваьлла, цIа вахийтинера 2013-чу шарахь аьлла.

Зазадоккху-беттан 2-чу дийнахь Озерск олучу эвлахь шен лаамехь тIаме вахана Слышкин дIаволларх хаам бира Znak олучу зорбанан гIирсо.

Цо дийцарехь, и стаг вийнера Шемахь болчу Оьрсийчоьнан эскархойн могIаршкахь тIеман операцехь.

Бинчу хаамца, жима стаг Шема ваханера «зуда яло а дагахь, дикка шай-кай яккха аьтто хир бу" аьлла.

РБК агенталло, шен хьостана тIе а тевжаш, хаам бина, Слышкин Вагнеран тоба олучу, долахь йолчу тIеман компанехь гIуллакх деш вара аьлла.

"Вагнер" 46 шо долу Оьрсийчоьнан эскарехь гIуллакх дина подполковник Уткин Дмитрий ву.

Цуьнан тIемалой бу тIаьхьарчу хенахь Шемахь а, Украинан малхбалехь а тIемаш беш.

Дийцарехь, Шема вахийтинчул тIаьхьа Слышкин хилла ХIомс олучу гIалана гергахь. Цо дакъалаьцна ХIаян олу мехкадаьтта доккху майда маьршайоккхуш. Чиллан-беттан 12-чу дийнахь иза снайперо вийна Шаэр олучу мехкадаьтта доккхучу меттиге таллам бан вахханчохь.

ДIадаханчу оршот дийнахь алсамо хиира, дукха хан йоццуш Шемахь Оьрсийчоьнан 4 эскархо а вуьйш, шиъ лаза а веш, динчу тIелатарах лаьцна.

«Коммерсанто» дийцарехь, чевнаш хиллачех цхьаъ вара инарла-майор Милюхин Петр. Цуьнан ког а, бIаьрг а баьккхина. Иза дIакхачийна Москохарчу госпитале.

Таханалерачу денна официалан кепара Шемахь вийна лоруш ву 28 стаг. Цу тептарехь вац, масала, Слышкин.

Оьрсийчуьрчу зорбанан гIирсаша яздо, Шемахь байина хила мега "ЧВК Вагнера" тIеман компанин иттаннаш тIемалой.

Мухха делахь а, Шемахь 6 эскархо вийна хиларо гойту, стохка Марсхьокху-баттахь дуьйна, кху тIаьхьарчу масех кIиранах уггаре а дукха эскархой цигахь байина хилар .

XS
SM
MD
LG