ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мел ахча деза доьзална хенера бала?


Адаман таро-дахар зуьйчу дуьненаюкъарчу Gallup International ассоциацин дакъа ларалучу "Ромир" холдинго Оьрсийчоьнан бахархошца теллина мел ахча оьшу доьзална "лартIахь" баха.

Кхаа адамах лаьттачу доьзална хенера бала оьшу баттахь 75 900 сом.

"Ромиран" терахьаша бахарехь, юккъера схьаэцначу Оьрсийчуьрчу доьзалан (да-нана балхахь, бер – цхьаъ) хьашташ пачхьалкхо лучу алапал а лахара ду – шимма болхбечу доьзална кхочу 78 000 сом.

Доцца аьлча, нехан Оьрсийчохь даар-малар-духарца "дерриг а дика ду" – ахча наха бохчанчу дилла а дуьсуш доккху.

Ткъа бакъдолу хьал дуй-те оццул тайна?

Оьрсийчуьрчу вахархочунна "догIу текх"

Iедало къастийна цхьана стагна даа-доха, садаIа, коммуналах дIадала оьшучу ахчан барам. Иза хIоттабелла министрийн кабинето адамна оьшу бохучу рицкъ-хьелех. Цо бинчу къастамца, стагна цхьана денна оьшу 300 грамм бепиг, 280 грамм картол, 80 грамм шура, шурин сурсаташ, 50 грамм чIара, 160 грамм жижиг. Ерриг а – 1 кийла ца кхоччуш юург.

Амма политикаца бала а боцчу лоьраша денна адамна оьшу бохучу рицкъан барам кхочу 1,5 кийлане.

"Цигахь" а, "кхузахь" а…

Оьрсийчохь цхьана стагна оьшу рицкъ-хьал официалехь 156 пунктах хIоттийнехь, Британехь уьш 350 ю, Германехь – 475, Iамеркан Штаташкахь – 300.

Баттахь ваха оьшу ахча, Оьрсийчоьнан Iедална хетарехь, ду 9452 сом. Амма балхахь оццул ахча ца оьцуш я болх банне боцуш веха пачхьалкхехь, официало чIагIдарца, 22 миллион стаг.

Оьрсийчохь дийнахь стагна дайа кхочу ахча 122 сом делахь, Штаташкахь и барам, оццу соьмашка баьккхича, бу 344 сом, Британехь – 663, Норвегехь – 720 (2016-чу шеран статистика).

ХIун хир ду кхана?

Путин Владимира стохка гурахь элира: "Лахара алапа оьцучу нехан ахча шаьш ца йича ца довлучу харже а ца кхочу, … и хьал хийца деза".

Официалехь, шина минимумна юкъара башхалла 30 % гергга ю. Ткъа стохка Путина 2019 шарера дIа и хьал хийца долор тIедожийра министрийн кабинетна. Амма Медведевс омра кхочучдан къастийра шена 2021-ра шо. И шо тIекхаччалц вахархочунна оьшу аьлла хетачу хьелийн минимум ма-ярра а юьтуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG