2008 шарахь 44-гIа Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штатийн президент хаьржира Иллинойс Штатера сенатор-демократ Обмама Барак. Исторехь дуьххьара афро-Iамеркахо пачхьалкхан коьрте хIоттийра халкъо. Шел хьалхарчу президентера Буш Джоржера цо караийцира лахъелла экономика, Иракъера, ОвхIанистанера тIемаш, мехкан йоьжна цIе. Обама Баракан президенталлера бIаьрла васташ гулдина Маршо Радионо.
Обама Баракан президенталла суьрташкахь
9
Пакистанерчу Абботтабадехь Бен Ладен Iусама вуьйш шен мехкан лерринчу ницкъийн операцин тергоеш ву Обама. Ал-Къаидан куьйглахо а, кхин 4 цуьнан накъост а вийра хIетахь. 2011, Зазадоккху-бутт, 1.
10
Гаваирчу Канеохе Бей садоIийлехь, 2012, Дечкен-бутт 2012.
11
2012, Лахьан-бутт, 6, Чикаго. ШозлагIа а президент хаьржина Обама барак.
12
2012, Дечкен-бутт, 14. Коннектикут штатерчу Сэнди-Хук школехь 18 бер зуламхочо, чу а иккхина, дийча. Халахетар лачкъа ца дан делира президенте.