ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Пресса: Кадыров Рамзана йоIанна "дарба дина", КъорӀан а дешна


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Нарколепси олучу нервийн системица йоьзначу цамгарца балахьоьгуш хиллачу Читан яхархочуьнан Писаренко Александрин нанас дийцина НТВ телеканалан журналисташка, иза "тойина" хиларх лаьцна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Цуьнах лаьцна яздо Кавказ.Реаллино.

"Iаламат" хилла 10 шо хьалха, амма хIинцца юхаяьккхина лоьраша шаьш хIоттийна хилла диагноз. Оцу хенахь 10 шо долу Александра сих-сиха кхетамчуьра йолуш хилла. Кхечу цамгарийн билгалонаш а хилла цуьнца – эпилепси а, дерриг дегI лазар а, корта лазар а, дагар а, пхенаш ийзор а.

Нанас дийцарехь, лоьраш гIорасиз хилла, берана гIо дан. Доьзало гIо дехна хилла бурятийн шаманашка, цул тIаьхьа хIума хуучу зударшка, ткъа иштта кIайн магин магистр волчу Лонго Юрийга.

Писаренко Натальяс дийцарехь, цхьана дийнахь телефон тоьхна цаьрга Нохчийчоьнан куьйгалхочо, Соьлжа-ГIала дуьйла, берана дарба дийра ду шаьш ламастан йоцчу медицинин аьлла. Зудчо дийцина, шена иза мила ву а ца хаара амма, интернехь Кадыров Рамзанах лаьцна информаци карийча, кхийтира ша "шега суьрта тIехь хьоьжург дара, кхетамчуьра яьлча шен чолхе цамгар ловш йолчу йоIанна дуьхьал хIоьттина юьхсибат хилар" аьлла.

"Нана, самагатде, вайна гIо дийр ду пес тиллинчу, суьлхьанаш карахь долчу вашис", - дагалоьцу шен дешнаш Писаренко Александрас.

Эххаре а доьзал реза хилира Читара Соьлжа-ГIала баха, лоьраша шаьш варе динехь а. Амма кемантIехь йоIана вон хилира. Доьзал Нохчийчу дIакхаьчча, царна дуьхьал веанчу Кадыровс аьллера, бераш неха хуьлуш дац, аьлла.

"ТIаккха иза вилхира, тIе а веана цунна элира: "Саша, схьаэца соьгара ницкъ, хьайна мел оьшу".

Натальяс дийцарехь, цхьа а дош ца элира ша Кадыровс цуьнан молханаш дIакхиссича. ТIаккха Къуран деша волавелира иза.

ЙоьIан дас-нанас чIагIдо, шена дарба хилча Александра ша а йолаелира нахана дарбанаш лело, ткъа иштта хиндерг дийца а – масала Челябинскера метеоритах лаьцна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG